Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Нохчийчуьрчу ярташкахь тоьаш бац лоьраш

0
Ярташкахь уггаре а лоьраш тоьаш боцучу Оьрсийчуьрчу регионех цхьаъ ю Нохчийчоь. Цунах лаьцна хаам бина Ерригоьрсийчоьнан халкъан фронт олучу юкъараллан зорбанан сервисо, яздо "Регнум" агенталло.


Иштта Нохчийчуьрчу ярташкарчу хIора 10 эзар вахархочунна ца кхочу 26 лор а бен. Кхин а ледара хьал долуш яц Оьрсийчохь цхьа Кемеровн кIошта бен. Цигахь и терахь ду 24.


Цу кеппара кIезиг бу Нохчийчохь ларйижарий а, кхин болу медицинан юккъерчу тегIанера белхахой а. Цу гайтамехь Оьрсийчохь лахара хьала 4 -чу меттехь ю республика.


Дусташ аьлча, масала Нохчийчоьнан лулах йолчу Къилбаседа ХIирийчохь хIора 10 эзар юьртарчу вахархочунна кхочу 55 гергга лор.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса