Ша чувоьллинчу нохчийн тIемалочо шена бекхам бина, боху Ставрополерчу суьдхочо
Цу зудчо цхьа шиша йий эцна, ткъа цу хеннахь иза шен сматрфонца видео йоккхуш хилла Ставрополан мехкан Октябран кIоштан суьдхочух Макаров Юрийх тера волу стаг. ТIе тидам бохуьйтург ду суьдхочуьнан машенан номерш а, АЗС-станце еанчу машенан номерш а цхьаъ хилар.
И видое яьржинчул тIаьхьа Макаров дIаваьлла суьдхочуьнан балхара. Тахана цуьнан кехаташ листина суьдхойн Квалификацин коллегино.
Интернетехь гучуяьллачу аудио тIехь Макаровс дуьйцу, шена тешна бехк бинарг "Титаник" (инарла Саид-Магомед Чупалаев - МР) цIе йолу нохчийн тIемало ву бохуш.
- 2002-чу шарахь ас кхел йинера "Титаник" тиллина цIе йолчу Басаев Шемилан штабан куьйгалхочунна. Оцу хенахь дуьйна буьйлабеллера суна кхерамаш тийса. Ас иза цу хенахь, 16 шо хан а тоьхна, чувоьллира, - дуьйцу Макаров Юрийс.
Макаровс чIагIдарехь, цунна цхьа тамашийна стаг тIевеана а хиллера, хьуна дуьхьал компромат кечйеш ю аьлла.
- Суна дукха сиха карийра видио, хьаьжийра со, тIаккха варе йира сайн зуда. Амма цо дог тедира сан, цу видео тIехь верг хьо ма вац, аьлла. Иза ван а вац со, бакъ ду иза – сан оццул доккха гай а дац, - билгалдаьккхина суьдхочо.
