Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Советан эскаро 1968-чу шарахь шайн мохк дIалацар оккупаци лаьрра Чехино

0
Чехин парламенто оккупаци яр лаьрра 1968-чу шарахь Советан пачхьалкхан эскаро а, Варшаван бартана юкъахь хиллачу пачхьалкхийн эскархоша а Чехословаки дIалацар. Цу сацаман Iалашо ю истори харцхьа яккхарна дуьхьало яр.


И документ тIеэца аьлла парламенте кховдийнарш бу керстан демократаш. Цара дIахьедар дарца, тIеэцна резолюци тIэцар ду "юкъаралле а, кхечу пачхьалкхашка а, шайна юкъахь Оьрсийчоь а йолуш, кхеттош кхайкхам хьажор".


1968-чу шарахь Советан эскарша хадийра Чехословакин доза. И пачхьалкх дIалоцуш дIаяьхьначу операцехь дакъалецира Полшин а, Болгарин а, Венгрин а, Малхбалерчу Германин а эскаран дакъоша.


Москохо Чехословаке эскарш хьажоран Iалашо яра цигахь Чехословакин компартино дIахьош йолу маршонан реформаш юхатохар. Советан эскаран дакъош цигахь лаьттира 1991-чу шаре кхаччалц. И 20 шо ду Чехехь "оккупацин мур" аьлла цIе тиллина.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса