Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Интерполо лохур ву Украинин депутатах Найем Мустафах летта нохчо

0
Украинин Лаккхарчу Радан депутатана Найем Мустафана йиттина волу нохчи Саитов Мохьмад-Эми лехаме велла Интерполехула. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказ.Реалиино", Украинин инарлин прокуратурин пресс-секретаро Сарган Ларисас дуьйцучунна тIе а тевжаш.


Украинин инарлин прокуроро Луценко Юрийс хьалхо дIахьедар динера, Киев гIалин юккъехь маситта нохчочо Найемна еттарца доьзна бехктакхаман гIуллкх дIадерзочу тIегIантIе даьлла аьлла.


Хьалхо Киеван Шевченкон кIоштан кхело юхабаьккхинера Саитов лацар хьокъехь бина сацам, иза Интерполехула лехаме велла вац аьлла.


Саитов дIавахна Украинера Найемца йоьзна инцидент хиллачул тIаьхьа. Иза Азербайджанехь ву. Цу мехкан Iедалш реза ца хилла Саитовна Украинин полицин дехарца экстрадици ян.  


Саитовс дIахьедар дина ша кийча хиларх лаьцна Украине цIаверза, цу гIуллакхна гонах иккхина гIовгIа дIайижначул тIаьхьа.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса