Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Алтай: Лаьцна хилла 55 кандидат ву "Единая Россиия" партин цIарах харжамашкахь дакъалоцуш

0
Алтайн Республикехь "Единая Россия" партин меттигерчу декъо муниципалитетан харжамашкахь дакъалаца хьалхатеттина лаьцна хилла набахташкахула чекхваьлла 55 стаг.


Церан биографеш теллина Una Cultura портало, харжаман комиссино арахецна хаамаш буха а бехкина.


Низамашца проблемаш хиллачу нахана юкъахь ву карарчу хенахь депутат волу, амма юха а цу даржехь виса дагахь волу кхо стаг.  Цхьаболу кандидаташ масийттоза хан текхна бу.


Харжамашкахь дакъалоцу дукхах болу партин декъашхой чубоьхкина хилла бу "къола дарна", "хулиганалла лелор" а, "Iедалан ахча дайар" статьяшкахула. Кхечу цара динчу зуламашна юкъахь ду кеманаш а, хина кеманаш а, цIерпошта а ядор а, стаг вуьр ву аьлла, кхерамаш тийсар а, ша дийриг бух боцуш дуй а хууш, харц мотт тохар а.


Алтайхь харжамаш хир бу тIебогIучу беттан 9-чохь. Оцу дийнахь хоржур бу кIошташкара а, ярташкара а депутаташ а, муниципалитетийн куьйгалхой а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса