Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Керлачу санкцех лаьцна хаам арахецна Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто

0
Iамеркин Пачхьалкхан Департаменто арахецна Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кхайкхорах лаьцна документ. УЬш болх бан йолалур ю кху беттан 27-чохь дуьйна. Санкцеш кхайкхина цхьана шаранна я керла цу хьокъехь хаам баллалц. 


 Цу документца а догIуш, Оьрсийчоьнца доьзначу дехкаршна юкъахь ду цу пачхьалкхана арахьа деш долу гIо сацор а, гуманитаран гIо а, кхачанана сурсаташ а, юьртабахаман сурсаташ а дохкар а доцург а, финансашца гIо дар сацор а, ткъа иштта Оьрсийчоьнна кердиташ далар сацор а. 


Цул сов, доьхкуш ду Оьрсийчоьнна герз дохкар а, муьлхха а теман гIуллакхана оьшу сурсаташ дохкар а, гIуллакх дар а, проекташ кечйеш накъосталла дар а, цу хьашташна гIишлош яр а. 


Космосан сферехь кхин хIумма хийцалур дац.


Санкцийн кера пакет юкъайоьккхуш ю шалха агент хиллачу Скрипал Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна  Британехь дIаьше тIелатар дарна. Лондон тешна ю цунна бехке Оьрсийчоь хиларх. 


 


   


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса