Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Нохчийчоьнан туризман центр йиллина Лейпцигехь

0
Немцойн Лейпциг гIалахь дуьххьара туристашна лерина Visit Chechnya информацин центр схьайиллина кху деношкахь. Гергарчу хенахь Францехь а, Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь а елла Iалашо ю цу кепара центраш, яздо ТАСС агенталло, Нохчийчуьрчу туризман министраллан куьйгалхочунна Байтазиев Муслимна тIе а тевжаш.


Цо бахарехь, оцу центрехь Нохчийчоьнах, Соьлжа-ГIалех, историн сийлаллин меттигех, културан барамех лаьцна муьлхха а информаци хаа таро ю.


"Тхан лаам бу, республикера туризм массарна а евзаш хилийта, мохк цхьа бренд а хилла, дIахIотта. ТIейогIучу хенахь Парижехь а, Эмираташкахь а схьаелла дагахь ду тхо ишта центраш", - аьлла министро.


Стигалкъекъа-баттахь Петарбухахь а йиллира Visit Chechnya центр.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса