Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Нохчийчохь ша лайначу халонех дийцина Салахьа

0
Мисарарчу футболан тобан ловзархочо Салахь Мухьаммада даредина, дуьненан футболан чемпионат йоьдучу заманчохь Нохчийчохь шаьш лайначу халонех. Мисаран футболан Федерацина къаьсттина реза вац Салахь, шен а, футболхойн а кхерамзалла лаккхарчу тIегIанехь Iалаш ца ярна.


"Со ларвина а ца Iаш, йоллу команда Iалашъе аьлла дехнера ас. ХIунда аьлча, дукха новкъарлонаш йора тхуна чемпионат йоьдучу хенахь. Масала, шозза ресторанчу хIума кхалла ваха аьтто ца белира сан, цигахь гулделла дукха адам хиларна", - даладо Салахьан дешнаш Британин The Guardian хьостано.


Нохчийчохь куп тоьхна Мисаран футболан тоба ловзуш яра Оьрсийчуьрчу а, СаIуда Iарбийчуьрчу а, Уругвайра а футболхошца. Массо а матчашкахь эшийра Мисарара тоба.


Кадыров Рамзана лараме Нохчийчоьнан вахархо аьлла, сийдарца цIе елира Салахь Мухьаммадна. Мехкан куьйгалхочо дIахьедарехь, "шена динчу хьошаллина а, хIиттийначу хьелашна а догреза хилла дIавахара Салахь".


Мисарарчу цхьа могIа хаамийн гIирсаша емалвира Кадыров, шайн футболан тоба бахьанехь шена пиар йина цо аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса