Болх боцучу нахана ахчанца гIо даран хан яцйийр ю Оьрсийчохь
Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, Оьрсийчоьнан президенто пенсех лаьцначу низамна тIехь бан оьшу аьлла кечбинчу хийцамашна комментари йинчу вице-премьеран Голикова Татьянин секретариатана тIе а тевжаш.
ХIинццалц балхахь воцучу стеган сатуьйсийла яра 24 баттахь пособи оьцур ду ша аьлла. Низамо иза цунна дала бакъо лора 36 беттачохь болх ца карош иза висахь.
