Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Нохчийчоьнца доза къасторан хаттар референдуме дуьллучех дацара - Евкуров

0
Нохчийчоьнца доза билгалдаккхарца доьзна хаттар референдуме дилла хьакъ долчерах дацара аьлла, дIахьедар дина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Магасехь хиллачу кхеташонехь.


"Шина субъектана (Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а) юкъахь доза дацара. Ткъа и доза билгалдаьккхинчул тIаьхьа бакъо яц, референдум а ца еш, доза хийца", - аьлла Евкуровс.


Хьалхо хаам бина ма хиллара, Магасехь митинге гулбеллачу нахана дуьхьал ницкъ боккхур бац, ткъа ша и акци низаман хорша йоккхур ю аблла барт бина республикан Iедалан а, юкъараллин а, муфтиятан а векалша. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", митингехь цунах лаьцна дIахьедар динчу муфтиятан декъашхочунна Барахоев Ахьмадана тIе а тевжаш.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса