Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Мамаев а, Кокорин а "Ахмат" клубе эца дагахь ву Кадыров

0
Юхахьара лелла аьлла, хьалхо лаьцна Кокорин Александр а, Мамаев Павел а Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" клубе эца кийча ву ша аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Церан бехктакхаман гIуллакх мухха дерзахь а, футболхошна ша гIо дийр дуй дIа а хоуьйтуш. "Дала ца дезарг далийтина цушиммо шаьшшингара, амма цу тIехь дуьне саца дезаш ма дац", - аьлла Кадыровс. Цул совнах, "набахтено" нисвийр вац и шиъ.


Карладоккху, kp.ru сайтан хаамашца, кху беттан 8-чохь Москох шозза летта ши спортхо: цкъа 1-чу каналан белхахочунна йиттина, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан индустрин, йохка-эцаран министраллан хьаькамах Пак Денисах а, ФГУП "НАМИ" компанин директорх Гайсин Сергейх а тасавеллера и шиъ.


Москохарчу Тверскойн кхело ГIуран-беттан 8-чу дийне кхаччалц Кокорин а, Мамаев а чохь вуьтуш сацамбина.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса