Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

ГIалгIайчохь лачкъийначу стеган дена ахча далар тIедожийна Оьрсийчоьнна

0
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (Страсбург) Оьрсийчоьнна тIедожийна 2009-чу шарахь кIант лачкъийна висинчу ГIалгIайчоьнан вахархочунна Махлоев Хамутханна 63 эзар евро далар.


Цуьнан 22 шо долу воI Махлоев МасIуд дуьххьара лачкъийна хилла 2006-чу шарахь ГIура-баттахь. Сихха орца даьккхинчу гергарчарна 4 де даьлча карийна иза Соьлжан кIоштан полицин талламан изоляторехь.


Цигахь етташ хьийзош хилла жима стаг, цу полицин хьаькаман когаметтана Мержоев Iийсана вен дагахь тIелатар дина хилар тIелаца бохуш.


2007-чу шарахь Махлоев дIахецна, бехказа а ваьккхина. Амма цунна тIаьхьара бовлуш ца хилла Iедалхой. 2009-чу шарахь балха воьдуш герз тоьхна чов йина Махлоевна, цул тIаьхьа дарбанан хIусамера араваьлча, герзаца хиллачу наха лаьцна дIавигина вайна иза.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса