Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

50 процент бахархой ца теша зорбанех

0
Оьрсийчоьнан бахархошна информаци дIакхачон коьрта гIирс бу телехьожийла. Хаттамбинчех 69 процент нах хьуьйсу цуьнга. Интернет ю шолгIачу меттигехь. Денна 60 процент бахархой буьйлу цу чу. КхолгIачу декъо радиога ладугIу, ткъа 11 проценто газеташ доьшу. Бахархойн инициативан Комитето а,  "Медиастандарт" фондо а, талламан "Циркон" тобано а бинчу талламийн жамIаш ишта ду.


Оцу юкъанна пачхьалкхан телеканалаша яржо информаци бакъ хета 63 процентна.


Интернетехь Iорабохучу хаамех теша 18 % респонденташ. Социалан машанашкахь бакъдерг дуьйцу аьлла хета 15 процент бахархошна.


Телеграм-каналех тешам лаьтта 4 процентан.


Дозанал а арахьарчу телеканалаша а, радиостанцеша а бакъдерг даржадо аьлла 3 проценто.


Iаткъаме хета журналистан професси 53 процент респонденташна, кхолгIачу декъо маьрша говзалла лору и.


Оьрсийчохь уггар а авторитете ву аьлла, билгалваьккхина журналист Соловьев Владимир.


Ишта цIе яьккхина Малахов Андрейн а, Познер Владимиран а.


Интернет-журналисташлахь Дудь Юрийн цIе яьккхина (YouTube-ра "вДудь" канал).


Дика йоза долчех ву "Новая газетан" журналист Быков Дмитрий а, 2006-чу шарахь йийна Политковская Анна а.


Ткъа хаттамехь дакъалаьцначу журналисташа билгалвьккхина Познер Владимир а (20 процент), Парфенов Леонид а (16 %).


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса