Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Нурмагомедвн а, Мейвезаран а латар Соьлж-ГIалахь вовшахтоха кийча ву Кадыров

0
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кийча ву Соьлж-ГIалахь вовшахтоха Нурмагомедв Хьабибан а, Мейвезар Флойдан а латар, нагахь церан иза дIадахьан бар т хилар.


Кадыровс иштта билаглдаккхина, Iамеркахо ша лоруш велахь а, Нурмагомедовгахьара хир ву ша аьлла.


ГIадужу-баттахь Нурмагомедов Хьабибца лата кийча ву ша, нагахь иза боксан низамашца тасавала реза хилахь, аьлла дIахьедар динера Iамеркерчу боксеро Мейвезера, TMZ таблоидна ша еллачу интервьюхь.


Мейвезера билгалдаккхарехь, цуьнан Iалашо ю 2017-чу шарахь Макгрегорца леттачул тIаьхьа даьккхинчу ахчанал сов 100 миллион доллар ахча даккха. Цул сов, Оьрсийчуьрчу латархочуьнан профессионалан санна лела дезар ду рингехь а, рингехь воцуш а, боху цо.


Нурмагомедовс Мейвезер лата кхайкхира оццу беттан 14-чу дийнахь. И дIахьедар тIехь долу видео Instagram-хь арахецнера боксан менеджеро Блэйк Деджуана.


Нурмагомедовс дагадаийтира шен 27, ткъа Iамеркахочуьнанан 50 толам хилар а, цуьнца цхьана и шиъ цкъа а цхьаммо а эшийна ца хилар а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса