Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

ГIалгIайчоьнан дозанца инфраструктура кхолла омра дина Кадыровс

0
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана омра делла ГIалгIайчоьнца  дозанца йолчу меттигашкахь шуьйра инфраструктура кхоллар дIадоладе аьлла. Цигахь туристийн маршруташ кхолла дагахь ву Кадыров.


Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза билгалдаккхарх лаьцна барт бинера цу шина республикан куьйгалхоша Гезгмашин-беттан 26-чохь.  ТIаьхьо иза тIечIагIбира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташа. И низам болх бан доладелира ГIадужу-беттан 16-чохь.


Инфраструктура кхиош а, малхбузера территореш оьшучу хьоле ялош а Iуналла дар т1едожийна Кадыровс парламентан спикерна Даудов Мохьмадна а, хьалхарчу вице-премьерна Тумхаджиев Iийсана а.


Нохчийчоьнан малхбузехь Iуьллуш ю ТIехьа-Мартанан а, Соьлжан а кIоштанаш.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса