Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Дозанах хаттар толлуш Кадыров а, Евкуров а кхайкхина Конституцин кхеле

0
Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь доза къасторах лаьцна хаттар дийцаре деш дакъалаца кхайкхина Оьрсийчоьнан Конституцин кхело Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а. Цунах лаьцна хаам бо РБК-но, кхелан зорбанан сервисна тIе а тевжаш.


ЛадогIаршка иштта кхайкхина бу Нохчийчоьнан парламентан декъашхой а, Госдуман а, Федерацин Кхеташонан а, Оьрсийчоьнан президентан а, ГIалгIайчоьнан конституцин кхелан а, Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуран а, Юстицин министраллан а векалш а, ткъа иштта гIалгIайн юкъараллин жигархой а.


Нохч-гIалгIайн дозанца доьзна хаттар федералан Конституцин кхело толлур ду кху беттан 27-чу дийнахь.


Евкуровс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а шина республикан доза билгалдоккхуш барт бира кхушара Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь. Цуьнца а догIуш, шина республикан цхьаьтерра йолу территори хийцинера цу шимма. Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташ тIечIагIдира тIеэцна низам.


Кадыровна хетарехь, гIалгIайн дозанца доьзна хаттар кхоччуш дIадирзина ду. "Низам тIеэцна, бартана тIе куьгаш таIийна", - аьлла цо.


Цу бартана реза боцучу ГIалгIайчуьрчу бахархоша масийтта дийнахь митинг латтийра Магасехь, ткъа меттигерчу конституцин кхело сацам бира доза хийцале референдум хила еза аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса