Нохчийчоьнца доза хьокъехь барт барна дуьхьал боламан ши хьалханча лаьцна ГIалгIайчохь
Погоров а, Чемурзиев а цигахь шира кешнашкахь а, бIаьвнаш йолчу меттигашкахь а "субботник" дIаяхьа араваьлла хилла. Амма юьхьарлаьцнарг кхочушдан цу шинан аьтто ца баьлла. Iедалша цу шиммо лелориг питана лерина.
Цхьаболчу хаамашца, Погоров а, Чемурзиев а ГIалгIайчоьнан Соьлжан кIоштан полицин декъехь ву.
