Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Украинхой президент хоржуш бу шолгIачу турехь

0
Шайн пачхьалкхан президент хоржуш бу тахана Украинан бахархой. Центризбиркомо Iорайоккхур ю суьйренца пачхьалкхан керлачу президентан цIе. Хир ву иза йа Порошенко Петр, йа Зеленский Владимир.


КIиран Iуьйранна 8 сахьт даьлчхьана схьайиллина кхаж таса харжамхошна неIарш. Суьйранна 8 даллалц бакъо ю церан шайн харжам бан.


Украинехь президентан харжамийн хьалхара тур дIаяьхьира Зазадоккху-беттан 31-чохь. Тоъал кхаьжнаш ца кхечира кандидатех цхьанна а.


Интерфакс-Украина агенталло бинчу хаамца, Украинан куьйгалхочуьнан дарж къовсуш вара 39 кандидат. Иза рекорд ю цу махкана.


Украинин коьртачу комиссино бинчу хаамца, харжамхойн терахь дара 35,5 млн стаг.


Exit Polls талламца, толам боккхуш вара Зеленский Владимир 30,4%), шолгIачу меттехь нисвелира Порошенко Петро (17,8%), кхоалгIа яра Тимошенко Юлия (14,2%). ШолгIа тур дIакхайкхийна карарчу беттан 21-чу дийнахь. Цигахь дакъалоцур ду Порошенко Петрос а, Зеленский Владимира а.


Ткъа Стигалкъекъа-беттан 1-чохь коьртачу харжамийн комиссино цIе яккха езаш ю Украинан керлачу президентан.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса