Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Шемахь исламхоша динчу тIелатаршкахь 50 гергга салтий вийна

0
Шеман эскархой а, церан агIончаш а байина исламхоша динчу тIелатаршкахь аьлла, хааме даьккхина дахначу шоьтадийнахь бакъонашларъяран тергамчийн тобано. ТIелеттачаьрца хилла "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъашхой а, царна муьтIахь болу гIаттамхой а.


Алеппон малхбалехь кху беттан 20-чохь 21 салтий вийна аьлла, билгалдоккху Шеман адамийн бакъонаш Iалашъярна тIехь мониторинг латточу Центро.


Стохка гурахь Алеппон гергахь тIемаш совцош барт бинера, делахь а кест-кеста барт бохабой, жигара доху цигахь тIемаш.


Хомсан провинцехь кху беттан 18-чохь исламхоша пачхьалкхан эскарна кIело йича вийра 27 тIемало, шайлахь 4 эпсар а волуш.


Кху шеран Зазадоккху-баттахь Шеман малхбалехь эшийра дайишхой, церан карара яьккхира Дейр-эз-Зор провинцин кIошташ. 

Делахь а радикалан исламхой саццаза дуьхьало латтош бу пачхьалкхан армина а, царех шайн лаамехь дIакхеттачу дакъошна а.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса