Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2019

ПIаьнказахь полицица тасадаларш хилла нохчийн

0
Гуьржийчуьрчу ПIаьнказан чIожехь ток йоккху станцеш яхкар сацо гIертачу меттигерчу бахархойн полисхошца кIирандийнахь хиллачу тасадаларшкахь лазийна 20 сов стаг. Керла гидроэлекторостанцеш (ГЭС) яхкаро цигарчу экологина а, юьртабахамна а, туризм кхиарна а зен дийр ду бохуш, ПIаьнказара нохчий дуьхьал бара гIишлошъяран болх болабайта. Iедалхоша дIахьединера, белхаш боло инвестор хIоьттинчу компанин карахь бакъо ю аьлла.


Нохчийн Дуиси эвларчу бахархоша станцеш яхка билгалъяьккхинчу меттигна блок тоьхнера. Полицина а, протестхошна а юкъахь тасадаларш хиллера, бахархоша тIулгаш, чхьонкарш, йогучу кочаллех дуьзна шишанаш тIелестадора, ткъа чоьхьарчу гIуллакхийн министралло резинан хIоьънаш а, бIаьргаш Iовжон газ а хецнера дуьхьал.


Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Гергий кхаьчначул тIаьхьа ситуаци жимма лахъелира. Журналисташка дIахьедора цхьаболчу бахархоша, нохчийн ярташ хи доцуш юьтур ю ток йоккхучу станцеша, цундела ГЭС ца юьллуьйтуш, шаьш дала реза ду бохуш.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса