Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2019

Шереметьевохь даьгначу кеманчохь беллачийн цIераш къастийна

0
Шереметьевон аэропортехь даьгначу Sukhoi Superjet 100 кеманчохь беллачийн массеран а декъий девзина аьлла, хааме даьккхина "Новости" агенталло, орцанхойн урхаллан информацина тIе а тевжина.


"Молекуляран- генетикан идентификацин белхаш бирзи. Массеран а цIераш къаьстина, эксперташ тIаьххьара документаш кечдеш бу", - аьлла агенталлаца къамел динчо.


Москварчу аэропортера Мурманске доьду "Аэрофлот" авиакомпанин долара Sukhoi Superjet 100 кема Шереметьево юхадеара кху беттан 5-чохь, техникан бахьанашна.


ГIаьттина ах сахьт даьллачу хенахь лайнер къиза охьадосийнера. Лаьттах кхеттачул тIаьхьа цIе яьллачу кеманчохь вегира 41 стаг. Дийна висира 33 пассажир.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса