Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 21.05.2019

Хоси-Юрт яра, хIинца Ахмат-Юрт

Radiomarsho.com 

Нохчийн парламентан спикеран Даудов Мохьмадан лаамна тIе а тайна, Хоси-Юьртара бахархой догреза хилла, шайн эвлан цIе хийца. ХIинццалц юьрта чувуллучохь даккхийчу элпашца яздина Хоси-Юрт хиллехь а, хIинца дуьйна Ахмат-Юрт ю. Видео тIехь гуш ду, гулбеллачу наха "Ахьмад-Юрт", "Ахмат Сила" бохуш маьхьарий а, детташ, къобалдар юьртан цIе хийцар. Президент лаьттина Кадыров Ахьмад ваьхначу юьртан бахархойн сацамца хийцина цIе бохуш, яздо нохчийн хаамийн гIирсашкахь. "Нохчийн къомана хьалха хьакъ ву иза юьртан цIе лело... Читать дальше...

Керлачу Зеландехь маьждигашна тIелатардинарг бехке вина террор лелорна

Radiomarsho.com 

Керлачу Зеландин полицино Крайстчёрчехь маьждигашна тIелатар дарна лаьцна волу Таррант Брентон бехке вина террор лелорна. New Zealand Herald газето дийцарехь, цу стагана бехке дуьллуш ду кхин а цхьа стаг вер а, ши стаг вен гIортар а. Дерриг а цо дина зуламаш цхьаьнатоьхча Таррант бехке веш ву 51 стаг верна а, 40 стаг вен гIортарна а, цхьа теракт ярна а. Бехктакхаман гIуллакхан материалаш дIахьовсийна кхеле. Стигалкъекъа-бутт болалуш шена йинчу чевнех велира Туркойчоьнан махкахо Туран Зекерия. Иза... Читать дальше...

Iедалан векалшна ницкъбарна 25 стаг жоьпе озийна ГIалгIайчохь 

Radiomarsho.com 

Магасехь дуьхьалонан акцеш дIахьош Iедалан белхахошна ницкъ барца доьзначу гIуллакхехула ГIалгIайчохь жоьпе озийна ву 25 стаг. Царах 23 лаьцна ву, хаам бо "Мемориало". Болчу хаамца, лецначех 21 стаг латтош ву Нальчикехь талламан изоляторехь, кхин а 2 ву талламан изляторна чувоьллина Къиласеда ХIирийчохь, ткъа кхин а 2 ву цIахь лаьцна латтош. Оцу 25 стагах 5 бехке веш ву Iедалан векалшна ницкъ барна. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дийцарехь, верриг а жоьпе озийнарг ву республикера 218 вахархо. Читать дальше...

Титиев хенал хьалха колонера аравалийтар доьху адвокато

Radiomarsho.com 

"Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан адвокато дехар дина Шелан гIалан кхеле, тутмакх набахтера хенал хьалха аравалийтахьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бина цу адамийн бакъонаш ларйон центро Telegram-чу шен агIонехь, дуьйцу ТАСС агенталло. Кхушара Зазадоккху-беттан 18-чохь Титиевна 4 шо колонехь (колония-поселение) даккха хан туьйхира Шелан кIоштан кхело.  Бакъонашларъярхо лаьцнера стохка Дечкен-беттан 9-чу дийнахь. Ницкъаллин структурийн белхахоша чIагIдарехь, цуьнан машенна чохькарийнера наркотикаш. Читать дальше...

Францино Оьрсийчоьне дIавелла стаг вуьйш дакъалацарна лоьхуш хилла нохчи

Radiomarsho.com 

Инцидент хиллера Керлачу Уренгойхь 2010-чу шеран ГIадужу-баттахь. Некъахьовзамехь зе хиллачу Мухаметов Рим цIе йолчу стагана тIехIоьттина хилла 4 нохчий. Цара шайна тIеэцна хилла бехкечуьнгара 750 эзар сом даккхар, машен д1оггара баш йохийна а йоццушехь. Эххаре а дар-дацар а хилла цу наха вийна машен йохийначу стеган гергара стаг Утагонов Башир. Иза ларамаза цигахь нисвелла хиллера нохчий ахча схьадаккха баьхкинчу хенахь. Цу девнехь дакъалаьцначу 5 стагах оццу дийнахь лаьцнера машенан долахо Мухаметов а... Читать дальше...

Австрин вице-канцлеро шен дарж хенал а хьалха охьадиллина

Radiomarsho.com 

Штрахе ХIайнц-Кристианан дарж охьадилла дийзира, ша тIехь волу видео Iораяьлчул а тIаьхьа. Цу тIехь Штрахес оьрсийн олигархан гергарчу зудчунна чIагIо йо, Австрин индустришна тIехь контрол латтон а, харжамаш хилале хьалха финансин гIо кхачорна дуьхьал пайде пачхьалкхан контракташ хуьлуьйтур ду аьлла.

Нохчийн меттан орфографин дошам кхолларан болх болийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийн мотт ларбаран а, иза кхиоран экспертийн кхеташонан декъашхоша Соьлж-ГIалахь йийцаре йина нохчийн меттан орфографин дошам кхолларан план, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цара тIечIагIбина нохчийн меттан орфографин цхьаболчу барамашна кодификаци ярехула а, орфографин дошам арахецарехула а йолчу лерринчу тобанан декъашхой. Соьлж-ГIаларчу кхеташонехь дакъалецира нохчийн меттан говзанчаша а, яздархоша а, журналисташа а, нохчийн меттан хьехархоша а, Iедалхоша а, Нохчийчоьнан Iилманан академин векалша а. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса