Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2019

Казанехь школехь дешархой закъалтана лаца гIоьртина кхиазхо

0
Шеца цхьана 10-чу классехь доьшу бераш а, хьехархо а закъалтана лаца гIоьртина Казанерчу цхьахйолчу гимназехь дешархо. ГIезалойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло яздо, кIантаца доьшуш хиллачу йоIа дийцарехь, кхиазхочуьнгахь пневматикан тапча а, урс а хилла аьлла. ТIаьхьо къаьстина, цуьнгара тапча муляж хиллийла.


Чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло дицарехь, 17 шо долчу кIант класс чу а веана, моханаш етташ, агрессица лелаш хилла, буйнара тапча дIаса а лестош. Школе кхиъначу полисхоша дIалаьцна иза. Оцу инцидентехь цхьанна а зен хилла дац. Кхиазхо тIелатаран бахьанаш хууш дац.


Дахначу шарахь оьрсийн школашкахь масийтта тIелатар динера. Пермехь уьрсан чевнаш йинера 15 стагна. Улан-Удэхь 9-чу классерчу дешархочо дигца лазийнера 7. Курганскан кIоштарчу Шадринскехь 13 шо долчу йоIа герз диттина лазийра 7 стаг.


Коррекцин лоьмар 1 йолчу школерчу дешархочо Охан-баттахь Стерлитамакехь лазийра информатикан кабинет чохь хьехархо а, цхьа дешархо а.


Хаамийн гIирсашкахь а, социалан машанашкахь а  версеш яьржина, 1999-чу шарахь Iамеркан "Колумбайн" школехь 13 стаг а вуьйш, шина дешархочо гайтинчу ирчачу масало иракархIиттош бу и тIелатарш дийраш аьлла.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса