Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2019

Керлачу Зеландехь маьждигашна тIелатардинарг бехке вина террор лелорна

0
Керлачу Зеландин полицино Крайстчёрчехь маьждигашна тIелатар дарна лаьцна волу Таррант Брентон бехке вина террор лелорна. New Zealand Herald газето дийцарехь, цу стагана бехке дуьллуш ду кхин а цхьа стаг вер а, ши стаг вен гIортар а. Дерриг а цо дина зуламаш цхьаьнатоьхча Таррант бехке веш ву 51 стаг верна а, 40 стаг вен гIортарна а, цхьа теракт ярна а. Бехктакхаман гIуллакхан материалаш дIахьовсийна кхеле.


Стигалкъекъа-бутт болалуш шена йинчу чевнех велира Туркойчоьнан махкахо Туран Зекерия. Иза 51 стаг вара Крайстчёрчерчу тIелатарехь вийна волу.


Зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь 28 шо долчу Астралерчу вахархочо Тарранта динера цу гIалахь долчу шина маьждигана тIелатар. Иза лаьцна латтош ву.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса