Хингалш
Оьшург: дама – 600 г., кефир я етта шура 500г., сода – 1 г., туьха – 2,5 г. кхехкийна гІабакх – 650 г. шекар – 75 г., хи – 150 г., кхаьрзина хох – 120 г. налха – 150 г., хьожайогІу буц. Бод хьакхош, дамех сода а, туьха а тухий, тІе етта шура я кефир ютту. КІеда бод хьакхийначул тІаьхьа, цунах дакъош до. ХІора дакъа оккхалоца шар а деш, юккъе кечйина гІабакх юьллу. ГІабакх иштта кечйо: дакъошка екъа а йоькъий, юккъера хІуш дІа а дохий, бертал яй чу йохку. 5 кила гІабакхна 1 литар хи дутту. ТІе негІар а тухий, кхоьхкуьйту. Читать дальше...