Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2019

Новости за 07.02.2019

Бексултанов Муса. Ирча Iуьйре

Radiomarsho.com 

Бексултанов Муса Ирча Iуьйре Воккха стаг Къаьхьир, туька ларъеш, хехь вара, цу балхана динчу жимачу цIалгаI чохь буьйсанаш йохуш. ЦIалг туькана уллохь дара, геннара гуш, котамийн куьрк санна, жима а хиэташ, мелла а букар ца таьIча, дегI ма-дду хьаланисвала аьтто а боцуш: Къаьхьир ша лекха стаг а вара, ши метар гергга гIоьрташ. Аьчкан пеш а лаьттара чохь, хих дуьзна ведар а дара, наштаран тас а долуш; вижа-гIатта аннех йина цхьа готто терхи а гуора. Цу буса – аьхкенан буса, – маьркIаж-ламазана тIаьхьа... Читать дальше...

Лаьцна полисхочунна шозза кхаъ бала гIоьртина зуда

Radiomarsho.com 

Гуьмсан-кIоштахь лаьцна полисхочунна шозза кхаъ бала гIоьртина зуда. 58 шо долчу меттигерчу яхархочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долош хилла курхалла лелорна. Иза ца дийриг 20 эзар сом ахча дала гIоьртина иза меттигерчу инспекторна. Полисхо реза ца хилла кхаъ схьаэца. Цо варе йина и зуда цо дан гIертариг зулам дар хиларх лаьцна. Амма шолгIачу дийнахь иза инспекторан белхан меттиге еъна изза 20 эзар сом а дохьуш. Цул тIаьхьа зуда дIалаьцна. Талламхоша бинчу хаамца, цунна дуьхьал бехктакхаман... Читать дальше...

Шакрос къуьнан "сийлахь цӀе" юхаерзийна Букъарвоьлла Ахьмадна

Radiomarsho.com 

Москох номер 3 йолчу талламан изоляторера хан такха ша колоне дIахьажавале хьалха Оьрсийчуьрчу криминалан низаман къуйн хьалханчо, 65 шо долчу Калашов Захарийс – Шакро Къоначо, къуьнан бакъонаш юхаерзийна 45 шо долчу гIалгIайн криминалан гонашкахь лоруш волчу Евлоев Ахьмадна, Букъарвоьлла Ахьмад а олу цунах, яздо «Прайм Крайм» хаамийн агенталло. Дийцарехь, Евлоевн криминалан низамехь бакъонан къу хиларна дуьхьалбевлла хилла цхьамогIа криминалан авторитеташ, стохка Марсхьокху-баттахь иза Каширера номер 5 йолчу талламан изоляторехь (СИЗО №5 г. Читать дальше...

Оьрсийчуьра «гIемаш» Путинехьа ду

Radiomarsho.com 

Iаьржа духарш доьхна, кара жайнеш лецна иттанашкахь зударий гулбеллера Москох, Оьрсийчоьнан президентехьа шаьш хилар дIахоуьйтуш. "Оьрсийчоьнан ницкъболу гIемаш" шаьш лоручу царна хетарехь, цаьргара магин гIо оьшуш ву Путин.

Газ эцна йоьду машен бердах яхана Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла Ножай-Юьртан кIоштахь Кхошкелдера Бена боьдучу некъана тIехь. Газ эцна йоьду КАМАЗ машен некъах яьлла 40 метар кIоргачу Ясса хин тогIина чуяхана. Цунна урхалла деш хиллачу 30 шо долчу стагана еза чевнаш хилла. Иза велла Ножай-Юьртарчу дарбанан хIусаме вуьгуш. Машенан яй а баьттIа, ерриг а газ дIаяхна. Бохам хиллачу меттиге кхаьчначу орцаллин министраллан белхахойн аьтто баьлла яй эккхаран а, цIе яларан а кхерам юхатоха.

Дагестанца латтанаш хийца кийча ю Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза билгалдаккхарца боьзна болх кхоччуш дIабирзина бац хIинца. Цунах лаьцна хаам бина шина республикан комиссийн декъашхоша болх беш тIехьожуш хиллачу Дагестанан юкъараллан векало Хадулаев Шамила, хаам бо "Кавказский узело". Цо дийцарехь, белхан комиссийн Соьлж-ГIалахь хиллачу кхеташонехь нохчаша хаийтина шаьш 73 гектар барам болу латта хийца лууш хиларх лаьцна. Цул сов, Нохчийчоьнан Iедалша Дагестанан территорина юкъатоха мегар ду аьлла Кизлярана гергахь "Кавказ" некъана тIера тIай а... Читать дальше...

Доьхкур-те Гуьржийчохь хьиджаб лелор?

Radiomarsho.com 

Нах гуллучу меттигашкахь ерриг шайн яххьаш а хьулъеш, духарш лелор зударшна дехкар хьоьху Гуьржийчуьрчу "Альянс патриотов" партино. Цара кхочушдан леринарг "дискриминици" ю аьлла бакъонашларъярхоша. Цул совнах, цу кепарчу низамо туризман сферехь а зенаш дийр ду аьлла, хета царна.

Нохчийчохь юхатоллуш ду Дагестанера 8 стаг вер    

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан прокуратуро юхаталла долийна 2016-чу шарахь Гуьмсан кIоштахь вийначу Дагестанерчу 8 стеган гIуллакх. Цунах лаьцна хаам бина "Агора" бакъонашларъярхойн тобанан адвокато Сабинин Андрейс. Маршо Радионо хьалхо дийцина ма хиллара, кхушеран Дечкен-баттахь Нохчийчуьрчу талламан комитето дIакъевлинера Дагестанера 8 вахархо вер хьокъехь толлуш хилла бехктакхаман гIуллакх. И нах полисхоша байинера ши шо ах шо хьалха Нохчийчьурчу Гуьмсан кIоштахь. Дагестанан махкахой лечкъийнера цу республикан... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова и Павлюченкова вышли в полуфинал турнира WTA в Мадриде в парном разряде






ЦСКА и "Зенит" сыграли вничью в Кубке России

В Москве ожидаются переменная облачность и температура до +10℃

У горожан появились новые способы поиска предков

Пожар в промзоне на востоке Москвы потушен, никто не пострадал