Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Новости за 07.07.2019

Нохчийчохь а, Дагестанехь а къаьркъа молу нах бу лоьхуш

Radiomarsho.com 

Гуьмсан кIоштарчу полисхоша а, Новолакскан кIоштан ницкъахоша а цхьана юкъахь рейдаш дIаяьхьна Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъарчу административан дозан тIехь нахана юкъахь къаьркъа моьлу нах лоьхуш. Оцу барамехь карабаьхкина юкъара къепе йохийна аьлла, лецна бигина хилла Гуьмса кIоштарчу полицин декъе меттигера бахархой. Церан хьокъехь административан материалаш а кечйина, кхетош-кхиоран къамелаш а дина, карарчу хенахь а зуламхой лоьхуш, болх бу жигара баьккхина дIахьош, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Иркутскехь доьза вайна 30 стаг схьакарийна

Radiomarsho.com 

Иркутскан кIоштахь токхамаш хиллачул а тIаьхьа доьза вайна лоруш хилла 30 стаг схьакарийна. Хаанза дуьсу меттиегрчу 11 вахархочун кхолламах. 22 стаг велла. "Интерфакс" агенталло бо и хаам, регионерчу Iедалхойн хаамашна тIе а тевжина. Иркутскан кIоштахь хиллачу уггар баккхийчу токхамаша даккхий зенаш дина 100 эвлана. Кхо эзар ах эзар хIусамаш йохийна. 33 эзар стаг висина тховкIело йоцуш. Iедалхойн зерашца, 29 миллиард соьмана эшам бина оцу токхамо. Байначу беттан 25-чохь дуьйна хи тIедала доладелира регионехь. Читать дальше...

Флоридехь динчу эккхийтарехь 23 стаг велла

Radiomarsho.com 

Флоридерчу Планштейн гIаларчу йохка-эцаран центрехь динчу эккхийтарехь 23 стаг велла, шинна чолхе чевнаш йина аьлла, хааме даьккхина ABC7 News телеканало. Дийцарехь, лазийначех цхьаъ кхиазхо ву. Хьалхо яздора хаамийн гIирсашкахь, хетарехь, газ дIа а ихна хиллачу эккхийтарехь 20 стагна зенаш дина бохуш. Каркас йоцург дисина хIума дац ресторанах, ерриг а яьгна. Цул совнах гонахара гIишлошна а дина зенаш.

A’Studio группан концерт юкъахъяьккхина Батумехь

Radiomarsho.com 

Тбилисехь Iедална дуьхьал йолийна протесташ бахьана долуш Казахстанера схьабевллачу декъашхоша вовшахтоьхна оьрсийн А’Studio поп-группан концерт юкъахъяьккхина Гуьржийчохь аьлла, хаамбина "Аджарин телевизионе" концерт вовшахтоьхначара. Батумерчу UP2U клубехь концерт яла дезаш бара, шайлахь гуьржийн орамаш долу Топурия Кети а йолуш, тобан декъашхой. Церан концерте билеташ байначу баттахь дуьйна дохка долийнера. Гуьржийчуьра схьаяьлла ю Топурия Кети. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран агIонча лоруш ю иза. Читать дальше...

Германехь тховкIело йоьхучу нохчийн зудчуьнгара дIадаьхна бераш юхаделла цуьнга

Radiomarsho.com 

Германин социалан хьукматан белхахоша хьалхо нохчийн зудчуьнгара Солтагириева Хьавага, иза берех лета, ткъа да къаьркъа муьйлуш ву аьлла, дIадаьхна хилла бераш юхаделла доьзале. "Кавказ.Реалиига" бина и хаам берийн дейишас Маринас. Кху беттан юьххьехь Германига тховкIело йоьхуш хилла Хьава шен берашца Нохчийчу дIаяхна. Цуьнан цIийнда Межаев ИбрахIим Германехь сецца. 2015-чу шарахь дуьйна Германехь мухIажирийн статус йоьхуш бара и доьзал. МухIжирийн юкъара хIусамехь уьш бехачу заманчохь социалан белхахойн терго тIеоьзнера цара. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Легечка обыграл Надаля и сыграет с Медведевым в 1/4 финала «Мастерса» в Мадриде






Владимир Ефимов: больше 250 гектаров реорганизуют на севере столицы по программе комплексного развития территорий

Более 18 тысяч георгиевских ленточек раздали в Якутии. Акция продлится по 9 мая

Сотрудники Росгвардии задержали мужчину, подозреваемого в распростронении наркотиков в Москве

Еще одну госуслугу по строительству улучшили в Подмосковье