Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2019

Новости за 15.08.2019

"Чурка": рок-седа Бэнкс Азалия Iехийна Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Iаьржа чкъор долчу Iамеркарчу рок-лакхархочо Бэнкс Азалияс шен "Инстаграмехь" гайтина "чурка" тIеяздина доца пхьош долу коч. Суьрта буха цо яздина оьрсийн маттахь: "Москва яхана йолуш суна керла дош девзина – "чурка". Суна и дош чIогIа хазахийтира, дог ирахIоттадо цо, соьга арахь цхьамма "чурка" аьлча, сайх массо а кхоьруш йолу, тоьлла йоI хир йолуш санна хета суна, вайн "чика!" санна, хаза, самукъане, майра йоI – цIеран суй! Амма боху йоIе комментареш ечара: и дош хьо сийсазъеш яздина хьуна. Читать дальше...

Маршо Радиона делла жоьпаш

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь адам лачкъа масазза до шалхайовлу бахархойн ойланаш: гIарадаьккхича хIун дара-те зулам олий. Цу тIехула хаттар хIоттийнера Маршо Радионо шен сайтехь: Шуна хIун аьлла хета: чохь дита деза иштаниг йа орца деха деза?

Нохчийчоь: юха а дуьненан рекорд

Radiomarsho.com 

4874-зза куьйгаш тIехь шен дегI айдина Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштарчу Гезлой-Эвларчу итт шо долчу Якубов Iаьрбис. Оццул лекха терахь гайтина дац беро дуьненахь а – иза рекорд ю. Оьрсийчоьнан рекордийн тептара язвина Iаьрби. "Кавказ.Реалиино" вовзийтира деношкахь дуьненан рекорд хIоттийна кхин а цхьа кIант – бархI шо долу Кхарачой-Чергазийчуьра Джемакулов Мухьаммад. 2085-зза айдира цо дегI гайнан прессца.

Нохчийчоь – хьега кхоьллина мохк

Radiomarsho.com 

Гелисханов Бисолта, ша Ялсамане воьдуш санна, воьду Энгана. Амма деххачу шерашкахь наггахь бен хирг а дац иза. Цо марзо оьцу Нохчийчоьнах, дайн юьртах, ткъа юьртахоша цуьнгара – лоьралла. Доктор Гелисханов вовза вахара Маршо Радион корреспондент иза волчу. Амма Бисолтина коьрта хийтира уггаре хьалха шен орам бовзийтар. Да вийцар, генарчу даймахке болу безам балхор. ЛадугIучун дог а делхош, Нохчийчоь йийцар хьалхадаьккхира Бисолтас. Веха меттиг ГIиргIазойчоь хиларе терра, ларам бу цуьнан оцу махке, амма даймохк…, хилацций иза-м цхьаъ бен.

"Даунан синдром" лазаран лидер ю Нохчийчоьй, ГIалгIайчоьй

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан могашаллин министралло гойтинчу статистико бахарехь, "Даунан синдром" диагноз уггаре дукха хIоттош меттиг ю пачхьалкхехь Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а. И лазар шайца долучу нехан терахь 30% лакхадаьлла тIаьххьарчу пхеа шарахь.  Даунан синдром ю Оьрсийчохь 19 000 вахархочуьнца. Массарел кIезиг бахархой бу и цамгар йолуш Челябинскан, Пензин мехкашкахь а, Приморьехь а.

"Мисканаш, сиха буьйлира даймахках". Шемара цIадалийначу берех

Radiomarsho.com 

Шен жимчу кIантаца а, йоIаца а Шемара Казахстане цIа ерзийначу 24 шо долчу зудчо дуьйцу, даймахкахь керлачу дахарх шен доьзал муха. Баккхийчарначул а берашна аттох ду боху цо дIаэн. Актобера схьаяьллачу Айжанан (редакцино цIе хийцина цуьнан) кехаташ дисина Шемахь бомбанаш йиттинчу херцаршлахь. Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь "Жусан" цIарца къайлахчу сервисаша йолийначу леринчу операцин гурашкахь цIаерзийра иза шен доьзалца. Цуьнан шина беран – пхи шо долчу Мухьаммадан а, кхо шо долчу Фатимин а уьш дуьненчу бовларх тоьшаллин кехаташ дац. Читать дальше...

Массо а вилхинчул тIаьхьа нана яьлла Iайшин

Radiomarsho.com 

Дейишас тIехь Iазап латтийначул тIаьхьа дарбан цIеношкахула лелочу ГIалгIайчуьрчу 7 шо долчу Ажигова Iайшин нанна доладан лаьа шен йоьIан, хаамбина берийн омбудсмено Чахкиева Заремас. РИА "Новости" агенталле Чахкиевас иштта дуьйцу нана Москох яр: "Адвокатца цхьаьна еара нана со йолчу, шена йоI дIайига лаьа, аьлла, боху соьга, шаьш Москох догIуш билеташна доьхкина ахча охьадилла. Со хьуна декхаре яц, эли ас. Кхин хир дара, цо юхьанца дуьйна, ян а еана, со нана ю, соьгара ницкъаша бер дIадаьккхина, аьлла, йистхиллехь. Читать дальше...

Кадыровс - ша резавоцучаьрга: "шайтIанаш, гезарий, йилбазаш"

Radiomarsho.com 

"ШайтIанаш, гезарий, йилбазаш". Иштта аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша Шемал-имамах лаьцна дийцинчунна резабоцчу нахах. Ша Имамах лаьцна аьлларг  лачдаьккхина мостагIаша, дIахьедина цо. "Хьажахь, муха раздаьккхина ас дийцинарг – къам доьхкинарш, шайтIанаш, гезарий, чIинтан турпалш ("кнопочные герои"), йилбазаш – ас ишта олу-кх царех", - бохура Кадыровс, ша Кавказан тIеман куьйгалхочух Шемалх лаьцна аьлларг новкъадеъначу наха дуьйцург луьстуш Дагестанерчу журналисте Курбанов Руслане. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису






Новый сезон танцевального проекта начнется в Подмосковье 11 мая

Юрист Локтионова: борщевик в огороде грозит административным наказанием

Третья по силе магнитная буря за 2024 год началась в России

Стало известно о пострадавшем во время тушения пожара на востоке Москвы