Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Новости за 07.09.2019

Женевехь йирзина марш. Амма некъ-м бац болулуш бен

Radiomarsho.com 

«Бакъонан а, Нийсонан а толамехьа» цIе а йолуш, бахначу беттан 6-чу дийнахь бакъоларъярхочо Ибрагимов Сайд-Эмина йолийна марш йирзина Нохчийчоьнан Ичкерин Маршонан Дийнахь – пIераскана, Женевехь. Ибрагимовца цхьаьна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Женеверчу хIусаме петици чуяла йолчу Iалашонца гIаш Страсбургера некъ барна а (400 чаккхарма гергга), гIашлошна гIодарна а Ичкерин дозанал арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада лараман тоьшаллаш дала сацамбинчу жигархошлахь ю хIара цIерш: нохчий - Арцуев Муслим... Читать дальше...

Тутмакхаш дIасахийцина Оьрсийчоьно а, Украинано а

Radiomarsho.com 

Тутмакхаш а, лецна латтош хилларш а дIасахийцина Оьрсийчоьнан а, Украинан а Iедалхоша аьлла, хаамбина "Интерфакс" агенталле Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас. Москван а, Киевн а аэропорташка кхачийна и нах. "Настоящее время" телеканало трансляци ю дIахьош. Оьрсийчоьно маьршаваьккхина, аннекси йинчу ГIирмехь теракташ дан кечлуш хилла аьлла, лаьцна набахтехь даккха 20 шо хан тоьхна хилла режиссер Сенцов Олег.  Шен пачхьалкхна ямартхилла аьлла, шеконашца лаьцна латтийна, "Новости" агенатллан... Читать дальше...

Шемара 4 бер Москва кхачор ду тахана

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан цIарах  берийн бакъонаш Iалашъян векал йинчу Кузнецова Аннас шоьтан сарахь Москва схьакхачор ду Шемара 4 бер. Омбудсменан зорбанчаша билгалдаккхарца, Кузнецова коьртехь а йолуш, оьрсийн делегаци кхочуш ю сарахь ялх сахьт даьллачул тIаьхьа Москварчу аэропорте. Къоман могушаллин центре дуьгур ду бераш цигара дIа. Дахначу еаридийнахь берийн бакъонашларъярхочун пресс-гIуллакххоша хаамбира, Кузнецова белхан хьокъехь Шема яхана ю, цигахь цхьа могIа цхьанакхетарш хир ду цуьнан берийн бакъонийн хьокъехь аьлла. Читать дальше...

Екатеринбургерчу набахтехь тутмакхаша шайн пхенаш хедийна

Radiomarsho.com 

Екатеринбургерчу лоьмар 2 йолчу колонехь латточу тутмакхаша шайн пхенаш хедийна, шаьш хьийзор ду аьлла, шайна туьйсучу кхерамашна дуьхьал. "Екатеринбург онлайн" портало бина и хаам, Юкъараллан тергамчийн комиссин декъашхочун Борисов Михаилан дIахьедарца. Регионерчу Федералан таIзар кхочушдаран урхалло "Интерфаксе" дIахьедина, масех стагна чевнаш хилла аьлла. Цхьахволчу тутмакхан хIусамнанас "Екатеринбург онлайн" хьостане дийцина, 200 гергга тутмакхна чевнаш йина аьлла. Ткъа меттигерчу жигархоша 15 стага пхенаш хедийна аьлла. Читать дальше...

Шемахь беллачу оьрсийн эскархойн цIераш йовзийтина

Radiomarsho.com 

Кху беттан 3-чохь Шемахь веллачу кхаа оьрсийн эскархойн цIераш къаьстина. РБК агенталлан информацица, лакхара лейтенант Никонов Кирилл а, капитан Сысков Дмитрий а, майор Мицык Роман а хилла уьш. Оьрсийчоьнан лерина операцеш дIахьочу ницкъашлахь эскаран гIуллакх деш хилла бу уьш, агенталлан хьосташа бахарехь. Цара чIагIдарехь, кхин а шиъ ву царлахь лазийна висина. РБК-с зорбане даьхна беллачийн Iаьржачу гурашка хIиттийна суьрташ а. Хьосто чIагIдо, и суьрташ Шемахь байинчийн ду бохуш. Ишта Iораяьккхина... Читать дальше...

ГIалгIайн журналист Майсигов чохь вуьтуш хан дIаяхйина кхелахоша

Radiomarsho.com 

Наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехкевина гIалгIайн журналист Майсигов Руслан ГIадужу-беттан 12-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш, хан дIаяхйина Магасан кхело аьлла, хаамбина цуьнан адвокато. "Рашид маьрша ца ваьккхи. Кхи дIа а талламан белхаш, зераш дIадахьа дезаш ду шаьш боху цара. Амма оха латкъам бийр бу кхелахойн сацамна", - аьллачу адвокатан дешнаш далийна «Юг. МБХ медиа» хьостано. Маршо Радионо яздира, "Кавказский узел" агенталлана тIе а тевжаш, наркотикаш латтийна аьлла, Майсигов дIалацарх. Читать дальше...

Хуьйцучу Оьрсийчоьнан 12 вахархочунна гечдеш куьйгяздина Зеленскийс

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу 12 вахархочунна гечдеш, омрана куьйгъяздина Украинан президенто Зеленский Владимира. Киевна а, Москвана а юкъахь лецнарш хуьйцучу пункте дIакхачийна и нах. Фейсбукерчу шен пена тIехь бина цунах хаам Украинерчу адвокато Рыбин Валентина. Юристо бахарехь, гечданза витина цхьа Оьрсийчоьнан вахархо. Украинан малхбалехь хиллачу конфликтехь "ЛНР" аьлла, дIакхайкхийначу республикан агIонехь дакъалацарна набахтехь даккха 15 шо тоьхна Гаджиев Руслан ву иза. Хьалхо Оьрсийчоьнан президенто хаамбира... Читать дальше...

Соьлжа-гIалахь вина, ша дIатесна нана лоьху ГIалгIайчуьрчу вахархочо

Radiomarsho.com 

Бераш дуьненчу дохучу хIусамехь ша дIатесна шен нана лоьху ГIалгIайчуьрчу вахархочо. Инстаграмерчу цхьахйолчу ГIалгIайчоьнан пабликехь оцу жимчу стага кхайкхам бина аьлла, яздо «Регион Online» гIирсо. Цо дийцарехь, шен нана лоьху цо. Нохчийчоьнан шахьарахь Соьлжа-гIалахь 1992-чу шеран Гезгамашин -баттахь дуьненчу ваьлла иза лоьмар 1 йолчу цIийнехь. Нанас Iадвитина иза гIалгIайн доьзало шайна кхаба дIавигина хилла. ТIаьхьо Нохчийчохь тIемаш буьйлабелча, ГIалгIайчу дIабахана хилла церан доьзал. Шен ненаца цхьанакхета лууш ву жимстаг. Читать дальше...

Нохчийчохь террорхой хIаллакбеш бина къийсам бу Оьрсийчоьно Шемахь дIахьуриг аьлла Матовниковс

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векална Матовников Александрна хетарехь, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь хилла Iалашонаш ю тахана Оьрсийчоьно Шемарчу конфликтехь а хьалхаяьхнарш. "Шемахь террорхой хIаллакбан Путин Владимиран Iалашо - Нохчийчоьнан территореш тIехь латтийна къийсам кхи дIа бахьар ду", - аьлла, дIахьедина Матовниковс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьана Соьлжа-гIалахь йоьдучу пресс-конференцехь. Нохчийчоьнан республикан денна леринчу бараме ваханера Матовников Александр, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Читать дальше...

"Матери Беслана" организацино банкехь чот йиллина школехь чевнаш йинчарна лерина

Radiomarsho.com 

Къилба-ХIирийчуьрчу "Матери Беслана" организацино кху 15 шарахь дуьххьара банкехь чот йиллина, Бесланан школана динчу тIелатарехь чевнаш йина, шен-шен заманчохь дарбанаш лело дезачу нахана ахчанаш вовшахтухуш. ХIинццал оцу юкъаралло цу тайпа некъашца ахчанаш гулдина дац, меценаташ гIо оьшучунна тIехьийсабора цара. "Тахана "Матери Беслана" организацино" чот схьайиллина. ХIинццалц яцара и, йа гулдеш ахча а дацара цара. Оха тхайн коллегашца цхьана тешийра уьш, цара гулдан деза, хIунда аьлча, комитетна дика хаьа, къаьсттина гIо оьшуш мила ву. Читать дальше...

Женевехь митинг дIаяьхьна Ичкерин агIончаша

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан суверенитетан агIончаша митинг дIаяьхьна Женевехь. "Мир и права человека" дуьненаюкъарчу ассоциацин президенто, бакъонашлархъярхочо Ибрагимов Сайд-Эмина вовшахтоьхна акци яра иза. Дудаев ЖовхIар куьйгаллехь а волуш, республика йозуш йоцуш ю аьлла, дIакхайкхийна 28 шо кхачарна лерина хIотийнера митинг. Женеверчу ООН-ан векалтна хьалха иттаннашкахь нах гулбеллера. Цара тIедожийра, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь Оьрсийчоьно нохчашна дуьхьал лелийна зуламаш нийсонца таллар а, дуьненаюкъаралло оцу зуламийн мах хадабар а.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублев о победе над Алькарасом на турнире в Мадриде: мне очень помогла подача






Владимир Ефимов: больше 250 гектаров реорганизуют на севере столицы по программе комплексного развития территорий

Практичные автомобили возвращаются на российский рынок: подробности

Подмосковное УФАС внесло ООО «Металл-Снаб» в реестр недобросовестных поставщиков

Съемки эпизодов фильма «Свинья и мышь» прошли в метро Нижнего Новгорода