Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2019

Новости за 07.11.2019

Саратова: Кадыров адамаша валийна оцу хьоле

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу куьйгалхочун цIарах йолчу адамийн бакъонийн Кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас дийцаредина мехкан куьйгалхочо интернетехь "сийдойурш" совцон беза аьлла, дина дIахьедар. "Со бакъонашларъярхо хиларе терра, цу кепара аларш бакъдойла яц сан, амма масийттазза аьшнаш йина, сийсазйина со дика кхета цуьнгарчу хьолах. Нагахь цо байа беза бахахь, аффектехь волуш аьлла ду цо и дешнаш. Иза аьшнашван , охьатаIо гIертачу наха валийна иза оцу хьоле", - аьлла "Кавказ.Реалиига" Саратова Хедас. Массо а доза хадийна боху Саратовас комментаторша. Читать дальше...

Iаламталлархо: ДуьнентIерачу ерриг индустрино а ца бехдо Латта, цхьана тIапломо, ша самабалахь, дендолчунца дуьстича

Radiomarsho.com 

Чухарова Елена Дуьне тIех дохлахь, хIун хир ду Кавказах? И хаттар дира "Кавказ.Реалиино" говзанчашка Дукхахболу эксперташ теша дуьне хан хене мел йолу дохлуш хиларх, амма къовсаме дуьллу цара вовшашца оцу хиламна бухара бахьана. Делахь а, таханлерачу адамо сагатдан а ца оьшу: ца доьгIна цунна буьйцучу хьовзаман теш хила. Iалам толлучу Iилманчас, Москварчу хьехархочо Валиев Маира, шен коллегашца цхьаьна Къилбаседа ХIирийчохь массех шо хьалха зийна, мел хийцалуш бу шерашца хенахIоттам максимумехь а, минимумехь а. Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (07.11.2019)

Radiomarsho.com 

Ал БагIдадин зуда лацар, Кадыровс кхерамаш тийсар, нохчийн маттана "сагатдар" Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Маьхза Шамсутдиновн адвокаташ хIиттина Нагиев а, Чапанов а

Radiomarsho.com 

Шеца цхьана эскаран декхарш кхочушден бархI салтий вийначу Шамсутдинов Рамилна адвокаташ хIитта бахна ГIезалойчуьра а, Нохчийчуьра а, Саратовн кIоштара а адвокаташ - Нагиев Руслан, Чапанов Сайд-Мохьмад а, Тугушев Равиль а. Daily Storm хьостане бина цунах хаам Нагиев Руслана. Оцу гIуллакхан материлаш йолуш ю адвокаташкахь, Нагиевс бахарехь. "Салтийн гергарчаьрца дийцарш ду цкъачунна дIахьош, цхьа барт хир бу тхан. Кхузахь гонорараш хьехош а яц, сайн коллегашца Тугушев Равильца а, Чапанов Сайд-Мохьмадца а цхьана маьхза гIо дан сацамбина оха"... Читать дальше...

Баьлла лелачу аттал а бале ву аьттан да

Radiomarsho.com 

Кхераме ду Дагестанехь девлла лела бежаний чудухкучу меттигна хадан ваха. Бутт бен бац ХIинжа-ГIалахь ишта меттиг схьайиллина, амма тIелетта цунна лецначу бежанийн дай шийттазза. ТIаьххьара дов дирзина бежанан долахочо хехочун цIий Iанош – аьлча а, корта батIош.

Чарташа а дуьйцу...

Radiomarsho.com 

Дуккха а шераш ду историка Мутусханов Ислама нохчийн ярташкарчу ширачу кешнашкара чарташ толлу. Кху деношкахь Итон-Кхелан масех эвлахь: Медехь а, Хьуьркахь а, Кейштарахь а хилира иза. Цигарчу кешнаша гойту бахархой оцу меттигашка баха хевшина вуно дукха зама хилар. Ислама болийна болх мехала а хеташ, цунна улло бевллера дуккха а бахархой.

«Декхар» охьадуьллу хан кхаьчна

Radiomarsho.com 

Романова Софья Нохчийчохь стенна бестош бу коммуналан мах? Оцу хаттарна жоп лехира «Кавказ.Реалиис» 2020-чу шеран шолгIачу декъехь ерриг а Оьрсийчохь лакхабевр бу бахархоша коммуналан хьаштех луш болу мехаш. Министрийн кабинетан куьйгалхочо Медведев Дмитрийс куьг яздинчу документо бахарехь, массанхьачул а дукха хир бу хих, газах, йовхонах, Iедало хIусамашкакхачочу кхечу хьолах бахархоша луш болу мах Къилбаседа Кавказехь. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь хьалхарниг хир ю Нохчийчоь. Цигахь коммуналах боккхучу... Читать дальше...

ТIеман гIирс шайгахь латтийначу шинна хенаш тоьхна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

ТIеман гIирс латтийнчу шина вахархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш долийна Соьлжа-ГIаларчу кхелахоша. Нохчийчоьнан прокуратурано бина и хаам. Набахтехь даккха цхьацца шо хенаш кхайкхийна Муцагаев Мохьмадна а, С. Тимерланна а. Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштарчу Сормовская урамехь 2012-чу шарахь карийнера шена аьлла Муцагаевс граната (РГН). Ишта кхело тIечIагIдина, Тимерлана шегахь къайлабаьккхина латийна 16 патарма полисхошна карийна хилар.



Нохчийн ширчу дешнех къамелехь пайдаэца беза аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийн шира дешнаш къамелехь лелон деза аьлла, кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Махкарчу синбахамаллин министрца Дааев Хож-Баудица хиллачу цхьанакхетарехь дина цо и дIахьедар. Республикерчу Iедалхойн Iалашонех уггар а коьртачех ю аьлла Кадыровс къоман культура Iалашъяр а, яржор а. "Вайн къоман хелхарш, иллеш, гIиллакхаш, ламасташ, шира гIишлош а - къоман хьал-бахам бу. И  дерриг а тIекхуьучу тIаьхьенна дита дезаш ду вай. Къаьсттина терго ян еза вешан меттан. Халахеташ делахь а... Читать дальше...

ЭльджаркиeвгIеран хьокъехь нах лебина талламчаша

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) хьаькам Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша Ахьмад а вер толлучу юкъанна барт хаьттина талламчаша 53 шо долчу Осканов Алихане. "Лента.ру" гIирсо шайн полисхойн декъерчу хьостанна тIетевжина дийцарехь, бинчу талламо тIе ца чIагIдина Осканов бехкехилар. Хеттарш динчул тIаьхьа маьрша витина иза. Осканов воцург а, талламчаша левина кхин а масех стаг, Дагестанера бахархой а цхьана, яздо Mash телеграм-канало. Карладоккху, ГIалгIайчуьрчу полицин... Читать дальше...

Нохчийчуьра хьешан хIусамаш толлур ю

Radiomarsho.com 

Терроризмца латточу къийсаман гурашкахь Нохчийчохь белхан тоба вовшахтухуш ю, хьешан хIусамаш талла. Туризм кхиоран Коллегиалан кхеташонан гуламехь тIеэцна цу кепара сацам, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. ХIора отелан гIишлонна кхерамзаллан паспорт хIотто хьесап дина гулбеллачара. Вовшахтухучу белхан тобан юкъахь хир бу къоман гвардин урхаллан а, ФСБ-н  а векалш аьлла, дIахьедина кхеташо дIахьочу туризман министро Байтазиев Муслима.

Москварчу килсан дозан тIехь туька схьайиллина олигархан Джабраиловн вешин йоIа

Radiomarsho.com 

Олигархан, экс-сенаторан Джабраилов Iумаран вешин йоIа Джабраилова Айзас Москварчу килсан (Храм Христа Спасителя) территори тIехь бутик схьаелла Iалашонца гIишло лаьцна, яздо "Открытые медиа" гIирсо. Джабраилован бутикан Инстаграмерчу аккаунтехь яздина ду: " ASET цIе йолу модан цIа схьаделларан Iалашо ю – Малхбален културан хазалла зударийн духаршца доллу дуьненна дIагайта лаар а". Модан бизнес лелош ю Айзан. ASET аьллачу маркица схьайиллинчу "Iайнаъ а, Айза а" (Айна и Айза) Арт студин инарла директор ю иза. Читать дальше...

Зулам дина стаг вуьйчу низамехьа бу 49 процент бахархой

Radiomarsho.com 

Динчу зуламна дуьхьал стаг вуьйш низам юха а юкъадаккха луучийн терахь лакхадаьлла. 2017-чу шераера схьа кху дийне кхаччалц 5 проценте кхиъна и терахь. Доккхачу декъанна бу лаам болчарлахь 55 шарел тIехбевлла нах. 2017-чу шарахь бинчу талламашца, 47 процент бахархой реза бара стаг вуьйш низам юкъадаккха, ткъа кху шеран гуьйренца динчу зерашца – 49 процент нах догреза бу. Левада-центро хаттам дIабаьхьнера ГIадужу-беттан 24-30-чу а деношкахь 18 шарера ваьллачу 1616 респондентна юкъахь 50 регионан 137 гIалахь а, эвлахь а.

Эладитанаш даржон нах совцон дагахь ву Кадыров "байина а, чубоьхкина а, кхерийна а" (+видео)

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь эладитанаш даржош, цхьаннан сийдойуш комментареш язъен нах шога совцон беза аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Регионан хьаькамашца йоьдучу кхеташонехь дина цо цу кепара дIахьедар. "Грозный" телеканалан эфирехь гайтинчу видео тIехь Кадыровс боху нагахь санна, "уьш совца ца бахь: йа байина, йа чубоьхкина, йа кхерийна а...цхьаъ ца дахь, гIуллакх хир дац". "Доьзалх хьакхалург, сий дойург ма язде. Нагахь лууш велахь – тIом бе, хьо стаг велахь. Амма охьа а хиъна, машанашкахь йозанаш дар сонталла ю. Читать дальше...

ДаIишхойн лидеран хIусамнана лаьцна аьлла, хаамбина ЭрдогIана

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа дIахьедина, туркойн къайлахчу сервисийн аьтто баларх "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин хиллачу лидеран ал-БагIдади Абубакран хIусамнана лаца. Кхааридийнахь Хонкарахь ша вистхуьлуш бина цо и хаам. "Шемахь караеана цуьнан зуда. Оха цунах лаьцна хьахийна а дацара, ас дуьххьара официалехь дIакхайкхош ду хIинца", - аьллачу ЭрдогIанан дешнаш далийна "Новости" агенталло. Ишта туркойн президенто тIечIагIдина ал-БагIдадин йиша а, цуьнан цIийнда а карадар а. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

WTA предвкушает дуэль Елена Рыбакина — Юлия Путинцева на турнире в Мадриде






Алексей Гончаров возглавит Министерство строительства Забайкалья

Синоптики спрогнозировали в Москве похолодание и отсутствие осадков 3 мая

Новосибирская область в мае представит программу научно-технического развития

В Москве на линии центральных диаметров вышли новые поезда «Иволга»