Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2019

Новости за 13.12.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (13.12.2019)

Radiomarsho.com 

Кадыровн бахамаш гайтича хиндерг, Царнаев вен кхачор нийса дуй-те? Кхин а цхьа кIошт – «Серноводский» (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

«Магасера протестхой». Юьйлаелла кхелаш сацамаш арахеца

Radiomarsho.com 

Ставропол-махкарчу Железноводскехь йирзина Магасера гулам лаьллинчул тIаьхьа чубоьхкинчех волчу Гагиев Рамзанан кхел. 4 бутт хан кхайкхийна цунна набахтехь такха, хаамбо кхелийн РАПСИ ресурсо. ЦIера дIасавала дехкар дина хан чу а лерина, кхел йоьрзуш дIахецна Гагиев. Магасехь протестхой дIасалохкуш полисхойх цхьаьннан, Пахомовн, турсах мийра туьйхира цо, «полисхочун аьрру куьйганна дайн лазар хьадира» аьлла бу цунна къастийна бехк (Бехктакхаман кодекс, 318-гIа артикл). «Ас дуьззина бехк тIеоьцу, дохко а ваьлла. Читать дальше...

КадыровгIеран бахамаш гайтинчу Нухановн зудчуьнга оьрсийн националисташа: «Славянийн сийна бIаьргаш болу цIий доьхкина ахь»

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь Кадыровн а, цуьнан гонан а бахамаш YouTube-хула гайтарна байначу беттан хьалхарчу дийнахь Нохчийчохь лаьцначу Нуханов Исламан зудчунна, Кагалым гIалахь ехачу Мельник Еленина, кхерамаш туьйсу оьрсийн националисташа. Маршо Радионо довзийтира, муха, хIун нисделла Нухановца цо «Муха веха Кадыров Рамзан а, цуьнан нийсархой а» цIейолу видео арахецча. Мехкан шахьарна юккъехь, массо а агIор хано лар а еш, лаьтта кадыровгIеран «Хьаьжи-Эвл» йовзийта воьллачу Нухановна йиттина, лаьцна полице а вигина. Читать дальше...

Протестхо Малхаз – вевзий иза гуьржашна?

Radiomarsho.com 

Ши шо кхочуш лаьтта Паьнгаза талла баьхкинчу Iедалан ницкъаша 19 шо долу Тимерлан Мачаликашвили вийна. Да Малхаз къар ца луш хьийза шен воI вийначарна таIзар дайта. Тбилисехь, Гуьржйичоьнан парламентна уллехь ю цо шен протест дIакхоьхьу меттиг – цуьнан гатан четар. Хаьий гуьржашна, мила ву Малхаз, хIун бала бу цо балхориг?

Царнаевна таIзар нийса къастийна хиларх шек ву Америкера кхелахо

Radiomarsho.com 

Бостонерчу ( Массачусетс штат) аппеляцин кхелан декъашхо Каятта Вильям шек ву шайн гIалахь, нах а бойуш, талор дина Царнаев ЖовхIар вен кхачийна бехккъасторхой нийса хилла ала, яздина еарийдийнахь The Boston Globe газето. Зулам шаьш чохь бехачу гIалахь дина хиларе терра, Бостонера бехккъасторхой оьгIазбахана хилла, оцу хьолехь церан дегнаш нийса кхел ян паргIат дара ала дац шен, шена хетарехь, прокуратуро тергал а ца йина Царнаевна кхел ечу хенахь и агIо, дIахьедина Каяттас. «Говза бехккъасторхой дуккха а болуш... Читать дальше...

Кадыровн хан. Цкъа а тIом хилла боцуш санна

Radiomarsho.com 

Халахетар лайначул тIаьхьа хьуьлу синдром. 25 шо хьалха Оьрсийчоьно Нохчийчохь тIом болорца йоьзна цхьа а мероприяти ца хилира я Москвахь а, я Соьлж-ГIалахь а. ТIом лайначу наха а, Iедало а барт муха бира, иза биц а бина, Кадыров Рамзан тIелаца? Муха нисделира церан иза?

Соьлжан-кIоштан цIе хийцарх лаьцна хаам бина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс тIечIагIбина ГIалгIайчуьрчу Соьлжан-кIаштан дозанца йолчу изза цIе йолчу Нохчийчуьрчу кIоштан Серноводски аьлла цIе хийцарх лаьцна. Цунах хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан коьртехь волчу Кадыров Рамзана, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.   Цо билгалдаьккхина кIошта дика кхиина а, инвестицеш тIеозош а хилар. Цул сов, Серноводск евзаш ю цигахь дарбанан саьнгалан хиш а, курорт а хиларца. Кадыров иштта дагадаийтина кхушара цигахь керла дарбанан цIа дина хилар.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса