Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2020

Новости за 27.06.2020

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах велла 8 дархо, ун даьлла 517 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 8 дархо. Инфекци къаьстина 517 стагаца. Коронавирусан ун ца даржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь а шишша стаг велла уьнах тIаьххьарчу дийнахь а, буса а. ГIебарта - Балкхарочйохь цхьацца велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун чудеачхьана велла COVID-19 вирусах  753 дархо. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьстарца,  дукха бу лазаршца  Ставрополан кIоштахь - 104. Читать дальше...

Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь машенна герзаш диттина. Цхьаъ вийна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а административан дозанехь виъ стаг чохь волчу  машенна герзаш диттина. 22 шо долу жимстаг велла, кхоъ дарбан цIийне кхачийна. Мехкан чоьхьарчу гIуллккхийн министралло бина цунах лаьцна хаам. "Цхьана тобана юкъахь доладелла хилла дов герзаш деттаре дирзина. Карарчу хенахь хууш ду хьенан карах хилла ду зулам. Оцу конфликтан массо а декъахо лаьцна", - аьлла урхаллехь. "Кавказ.Реалиин" хьостано бахарехь, "Старый замок" ресторанна гена доццучохь хилла ду и зулам. Читать дальше...

Нохчийчохь тоько вийна кхо шо долу кIант

Radiomarsho.com 

Кхо шо долу шайн доьзалхо велла карийна шайн кертахь Нохчийчуьрчу дена а. нанна а, яздо МК хьостано. Дийцарехь, тоьках зулам даьлла цунна. Невран кIоштарчу Талламан комитетан декъан белхахоша талларца, кху беттан 25-чохь йоццачу ханна шен ден а, ненан а тергонера ваьллачу кIанта розетки чу шуруп йоьллина хилла. Тоько цIераш тоьхна, оцу мIаьргонехь вийна кхо долу кIант. Талламчаша гIуллакх зуьйш ду кхин дIа а.

Туркойчохь кхин а 121 стагана велла дIаваллалц набахтехь яккха хенаш тоьхна

Radiomarsho.com 

Белла дIабовллац набахтехь яккха хенаш тоьхна Хонкарарчу кхело 2016-чу шарахь Iедал карчон гIоьртинчу 121 стагана аьлла, хаам бина пачхьалкхан Анадолу агенталло. "Шогачу хьелашкахь" хан йоккъур ю 86 стага, уьш конституци йохо гIортарна. Изза сацам бина вукху 35 вахархочун хьокъехь а, амма юкъарчу хьелашкахь латтор болуш бу уьш. 121 стаг бехкевина Хонкарарчу жандармерин штабана тIелатарна а, Iедална карчам бан гIортарна а. ТаIзар кхайкхийначарех цхьана полконикна велла дIаваллалц шогачу хьелашкахь яккха исс хан кхайкхийна , цо "стаг верна". Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в ⅛ финала турнира WTA в Мадриде






Cтроительство школы в ТиНАО по городской программе завершили на 50%

"Известия": в России ипотечное кредитование рухнуло на 40% из-за мер ЦБ

В Егорьевске капитально отремонтируют сети теплоснабжения протяженностью 2,4 км

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о чемпионате по профмастерству в авиастроении