Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2022
1
2
3
4
5 6 7
8
9
10
11
12
13 14 15
16
17 18
19
20 21
22
23
24
25
26 27 28 29
30

Новости за 15.04.2022

Гацаев СаьIид. "Чурт" (шира легенда)

Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид. "Чурт" (шира легенда) Хьаьвзина букъ тоьхна ша винчу махке, Вахара ирс леха, леха кхин аьхке, Кхечира Стамбуле, Иран а евзи, Ираке, Египте цхьатерра хьаьвзи.   Амма, ирс ца карош Нилан цу йистехь, Хийла а тIехтили гIамаре бIаьсте, Винчу шен агIонгахь оццул и шеме - Генарчу мехкан хи дацара чоме.   Сийначу шен мехкан шовданан метта, Кхузахь ша хи молуш - муж молуш хета Iоврехь дIалиттаза, саьрмакаш чохь Iаш.- Иштта ма яцара шовданийн кортош?!   Хийла шо дIадаьлла... Читать дальше...

Рашидов Шаид. Сан нохчийн йоI

Radiomarsho.com 

Шаид Рашидов Сан нохчийн йоI Белша тIехь кIудал ю юьзна, Букъ лаьцна ши чIаба го. Ши бIаьрг бу эхьаха буьзна, Кураллин бац цхьа а чо.   Хи эцна, цIехьа и йогIу, Оьзда ду, хаза ду куц. Хийла кIант шовдане вогIу Иза ган, вахь хила нуц.   ТIехь долу духар ду оьзда, Меженаш хьулйина дIa. Дахар цо ийманах доьзна, Мотт лебеш латадац къа.   Ма ирсе хир вара цуьнца, Вехаш верг, ялийна и. Махкахь а цIe йохуш юьйцу, Хир юй те ша саннарг кхин?

Рашидов Шаид. ***

Radiomarsho.com 

Рашидов Шаид *** ЦIе йоцуш пеш мегий теша? Къонахий ца хилча - мохк а? Хьозарчий ца декча - беш а? Я гуьйре ца хилча - дохк а?   Бай хIун ю зезагаш доцу? ХIорд буй те тулгIенаш йоцург? Мархаш а догIанца йоцу? Лаьмнаш а лаккхалла йоцу?   Гуьйре яц ялта луш яцахь, Стоьмийн дитт - стом бохьуш дацахь, Къонах вац мохк ларбеш вацахь, ТогIенаш - шовданаш дацахь.   Малх буй те ца луш берг серло? Iа дуй те доцург ло, шело? Буьйсанах дIаийна боцу, Бутт буй те серло шехь йоцург? Читать дальше...

Мамакаев Мохьмад. ДIаяла"

Radiomarsho.com 

Мамакаев Мохьмад. ДIаяла" ДIаяла! Ма хьежа соь яьлла цIе хилий, Кор кагдеш - чукхета кечделла ткъес хилий. Со вагош, вицвина, дIаяха йоллу хьо, - Ца оьшу чевнан муо сан даг тIехь ахь хIотто...   Цкъа хьаьжна, со вицвеш хьо яьлла дIаяхча Ас хIун до, дог дагош, дисинчу цу хоршах?

Мохьмад Сулаев. "ДоIа"

Radiomarsho.com 

Мохьмад Сулаев "ДоIа" Сан дегI, са а вовшашца Барт байна догIу: ГIерта уьш дIакъаста, Витина со. Стиглах схьадаьлла са Стигла дIагIерта, Лаьтто а шен чкъуьйриг ДIаийзайо! Йо, Дела, сан дегI, Ахь ДIалахь а лаьтте, Сан са Ахь дIахьолахь Хьайн цIенчу хьаьтте!!!

Шайхи Арсанукаев. ***

Radiomarsho.com 

Шайхи Арсанукаев. *** Бода бешаш гиний шуна? Гиний, Iаьржа буьйса йовш? Серло яьржаш гиний шуна? Гиний, Iалам меттахъхьовш?   Iуьйре гIоттуш гиний шуна, Баржабеш шен сирла мор? Йогу беснеш гиний шуна, Доьллуш цо шен сирла кор?   Нуьре хьажар гиний шуна, Гонах бIаьрг цо кхарстабеш? Елакъажар гиний шуна, Дахарах сов йоккхаеш?   Къона Iуьйре тергалъелаш - Товш ю, нускал санна, и - Денна иза декъалъелаш - Серло яхьаш йогIу и!

Яралиев Юсуп. "ГIалаташ"

Radiomarsho.com 

"ГIалаташ" Яралиев Юсуп   Мел дуьйлу гIалаташ Гулдича гали чохь, И гали хир дара доккха. Делахь а гIалатех Бан гIортахь бахамаш, Дахаро вайх гIалат доккхур.   Цхьадолу гIалаташ Довлуш ду ларамза, Нисдойла доцуш, даватIарш. Хьан йина гIалатех, Алал ткъа, гIаланаш? Ялур яц валарх уьш, ватIарх!   ГIалаташ... гIалаташ... - Чов хилла гIаларташ... ГIалат хир царех дош алар. Маржа-яI, гIалаташ! Цецвохуш, Iамаво, Шеквохуш, чехаво цара.   Ма дуьйлу-кх гIалаташ... Читать дальше...




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Хромачёва и Бабош выиграли турнир WTA в Руане в парном разряде






Советники Трампа начали просмотр мер против желающих отказаться от доллара стран

Овчинский: выпуск металлообрабатывающих станков в Москве вырос почти в 1,5 раза

В Подмосковье открыт Кубок России по бодибилдингу

Синоптик Жуков рассказал о погоде в Москве и Подмосковье в начале мая 2024 года