Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2022
1 2 3 4 5
6
7
8 9 10 11 12
13
14
15 16 17 18 19
20
21
22
23
24 25 26
27
28
29
30
31

Новости за 16.08.2022

ЗаьIап стаг хьийзорна шайна къинтIерадовлар дехийтина нохчашка 

Radiomarsho.com 

Шина нохчочунга камерана хьалха шайна къинтIерадовлар дехийтина заьIап стаг хьийзорна. Хьалхо цара нуьцкъаха нехаш кхуьйсучу яьшка чу воккхура иза. Baza телеграмерчу канало яздарехь, иза хьийзош гойту видео оцу заьIапхочун "баккхийрачу вежаршна" гина хиллера. Уьш кара а бина, бехказа бийлийтира. Нехаш кхуьйсучу яьшкаш чохь стегарша мукIарло до, цомгаш волу стаг а хьийзош, "томехь доцург дина" шаьш, олий, шайна къинтIера бовлар доьху тIаккха. Марсхьокху-беттан юьххьехь зорбане яьккхира бехказа вуьйлучу стеган видео ... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан Къилбехь а ковидан ун цIеххьана даьржина  

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Къилбехь а, Кхилбаседа Кавказехь а коронавирусан ун кхеттачу нехан терахь цIеххьана кхиъна. Оцу терахьашца дуьстича, регионаш 2022-чу шеран зазадоккху-беттан терахьашка юхайирзина, амма меттигера Iедалхой сиха ца ло антиковидан дехкарш хIиттон.  Марсхьокху-беттан 14-хь Дагестанехь 185 ун кхетта меттиг гучуяьлла – иза зазадоккху-беттан 1-хь дуьйна уггара лакхара терахь ду. Дайначу дуьззинчу рузманан кIирнахь кхузахь цомгуш хилла 856 стаг. Цул хьалхарчу кIирнахь 317 стаг вара уьш, аьлча а, 170% кхиъна терахь. Читать дальше...

ГIалгIайчохь йогуш ю республикехь йаккхийрачех къевлина нехийн оьла

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн Малгобекехь (40 эзар стаг веха гIала) йогуш ю республикехь 20 гектар йолу йаккхийрачех нехийн оьла. Официалехь иза дIакъевлинера 2017-чу шарахь, амма цига хIинца а нехаш кхуьйсу, яздо "Фортангано". 1980-чу шерашкахь болх бан йолаелла полигон. ДIакъевлиначул тIаьхьа, 2019-чу шарахь, Iаламан министраллин омраца иза Iаламна гулдинчу кепехь зен даран объектийн реестре кхаьчна. 2020-2021-чу шерашкахь оьла дIайоккхур ю, тIаккха цуьнан бухара латтана рекультиваци йийр ю бохура, амма белхаш хIинца а сацанза ду. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Стало известно, с кем сыграет Вероника Кудерметова во втором круге турнира WTA-1000 в Риме






Путин: больше 90% расчетов в ЕАЭС производятся в национальных валютах

Акцию «Поющие дворы» провели для ветеранов в Химках

Снег прошел в некоторых районах Москвы 8 мая

Самокатчик в Москве наехал на девочку и сломал ей нос