ГIалгIайн гIаттамхойн хилла волчу куьйгалхочунна Тазиев Iелина валлалц чохь йаккха кхоалгIа хан тоьхна
"Амир Магас" санна вевзаш волчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Тазиев Iелина велла дIаваллалц къаьсттинчу рожан колонехь йаккха хан тоьхна. Къилбан тIеман гонан Ростов-на-Дону гIалин кхело бина иштта сацам. Полисхошна а, ГIалгIайчоьнан бахархошна а 2009-2010-чу шерашкахь тIелатар дарна бехке лаьрра иза, йаздо ТАСС-о. 2010-чу шарахь ша дIалацалц вевзаш волу буьйранча вара Тазиев. "Вилайят Галгайче" (Экстремистийн "Имарат Кавказан" чоьтехь йолу "Кавказан фронтан гIалгIайн сектор") тоба кхолларна бехкево иза. Читать дальше...