Пригожин Евгений гIаттам барна дIалаьцна латтош ву
Мангал-беттан, 26-хь, Iуьйрана ЧВК "Вагнеран долахочун Пригожин Евгенийн цIарах долийна гIаттамах долу бехктакхаман гIуллакх сацийна дац. Цунна болийна талламаш Оьрсийчоьнан ФСБ-урхаллин талламхочо дIахьош бу. Цунах лаьцна, "Коммерсант" хаамийн гIирсана тIетовжарца дуьйцу "Свобода" радионо. РИА Новости, ТАСС гIирсийн хьостанаша а хаамбо, Пригожинна дуьхьала гIаттийна бехкзуламан гIуллакх сацийна цахиларах. Пригожинна долийна бехкзуламан гIуллакх сацор ду, мангал-беттан 24-хь сарахь элира Кремлан пресс-гIуллакхочо Песков Дмитрийс. Читать дальше...