Нохчийчохь кхело ца магийна хенал хьалха арайала Мусаева Заремина, нохчийн оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нана йу иза. Цунна могушалла дика йац, чу йоьллинчул тIаьхьа хьал цуьнгара кхин тIе а эшна. Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь Кадыров Рамзанан рожо закъалтехь латтош йу иза ЯнгулбаевгIар лаца дагахь.