Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Гуьржийн Iедал а, протестхой а вовшашца лараме хиларе кхойкху Тбилисерчу Iамеркан векалто. Телхаш ду шахьарара хьал

0
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Гуржийчуьрчу векало леррина тергалдо Тбилисера хьал, кхойкху агIонашка вовшашца лараме хила, низам лардаре, боху гуьржийн «Юкъара Хаамбархо» телеканало.


«Оха тергалдо Тбилисера хьал, парламентна хьалха хуьлуш дерг. Тхо кхета, мел хала ду нахана тахана. Кхойкху аг1онаш собаре хиларе, Гуьржийчохь лела конституци ларъяре», боху Iамеркан векалто шен кхайкхамехь.


Парламентан спикере, чоьхьарчу г1уллакхийн министре, къайлахчу сервисан буьйранчига даржаш охадахкар тIедожадо кху муьрехь а протестан акцехь лаьттачу эзарнаш бахархоша.


Резаьнкин даьндаргийн герз детта, бIаьргех хидоккху газ яржайо полицино парламентна гонах лаьттачу протестхошна дуьхьал.


Гуьржийчоьнан могашаллин министралло бинчу хаамца, Руставелин майданахь йоьдучу акцин декъашхойх лазийна 14 протестхо а, 38 полисхо а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса