Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2019

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун харжамаш хинболу де билгалдаьккхина

0
Гезгамашин-беттан 8-чохь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо харжа де билгалдаьккхина Халкъан парламентан депутаташа. Харжамийн комиссин пресс-гIуллакххоша бина и хаам журналисташка.


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира байначу беттан 26-чохь куьйгъяздира, 2008-чу шарахь дуьйна республикан урхаллехь лаьттинчу 55 шо долчу Евкуров Юнус-Бекан дарж охьадуьллучу дехарна. Цуьнан метта ханна декхарш кхочушдан витира, тIаьххьарчу шерашкахь  Самарскан кIоштахь Росприроднадзоран урхаллехь лаьттина 60 шо долу Калиматов Махьмуд-Iела. Цул хьалха регионехь прокуратуран куьйгалла дина а ву иза.


ГIадужу-баттахь Евкуровс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шина мехкан дозанаш къастош, куьйгяздинчул тIаьхьа протесташ йолийра ГIалгIайчохь.


Евкуровс дIахьедора, оппозицино тIеIаткъамбинера аьлла, ша даржера вухур вац бохуш, делахь а байначу баттахь меттигерчу телевизионан эфирехь дIахьедира цо, ша дарж охьадуьллуш ву аьлла.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса