Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2019

"Левада-центр": сериалашка хьоьжуш хан йойу дукхахболчу Оьрсийчоьнан бахархоша

0
"Левада-центро" бинчу талламашца, филмашка а, сериалашка а хьоьжуш хан йойу Оьрсийчоьнан дукхахболчу бахархоша. Хаттам бинчех 76 проценто кIиранчохь цхьана-шина дийнахь ца хьовсуш ца Iа шаьш аьлла телехьожийле. ШолгIачу меттигехь – уьйтIахь, урамашкахь доттагIашца цхьанакхетарш (66%), кхоалгIачу могIарехь - гергарчаьрга хьошалгIа эхар, йа шайга уьш хьошалгIа а кхайкхина, цаьрца хан яйар (43%).


Цунна тIаьхьа ду:


газеташ а, журналаш а дешар (39%);


исбаьхьаллин литература ешар (28%);


ресторане, барашка, клубашка эхар  (8%);


кино эхар (5%);


театре, консерватори, музейшка эхар  (3%);


безачу артистийн концерташка эхар (2%).


Бинчу талламо билгалдаккхарца, тIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчоьнан бахархошлахь лахделла догIу исбаьхьаллин литература ешар. Шерачохь масийттазза книгаш йоьшу 27% респонденташа. Ешшане ца йоьшу литература 28 проценто.


Оцу юкъанна, 1994-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц книгаш йоьшуш хиллачийн терахь а 23 процентера 14-га охьадаьлла.


КIеззиг бу оьрсийн бахархошлахь театрашка а, музейшка а, концерташка а леларш а. 55 % шаьш цкъа а хилла дац цигахь аьлла, дIахьедина.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса