Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2019

5 миллиард доллар гIуда тоьхна Facebook-на

0
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Федералан махбарехула комиссино гIуда тухур ду Facebook-на 5 миллиард доллар барамехь, Cambridge Analytica компанино пайда эцначу клиентиех лаьцна хаамаш лар ца барна. Технологин компанешна тоьхначех уггар доккха гIуда у иза. Амма говзанчаш чIагIдо, таIзар кхин а луьра хила мегаш дара бохуш.







Клиентех лаьцна хаамаш ларбан социалан машано цхьамоггIа гIулчаш йохург хиларх лаьцна Комиссино Facebook-ца барт барх лаьцна яздо зорбанан гIирсаша, The Wall Street Journal-на а, Bloomberg агенталлана а тIе а тевжаш. ХIинца иза тIечIагiбан безаш ю Iамеркан  юстицин министралла. 


Iамеран махкабаран комиссино тоьхна гIуда 5 миллиард бен дац аьлла хаам кхаьчначул тIаьхьа Facebook-н акцеш язйелла. Стохка цу социалан машанна хилла цIена пайда бара 22 миллиард доллар.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса