Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Путин кхин 5 шо даьлча а куьйгаллехь вита план кечйеш ю Кремль

0
2024-чу шарахь президентан харжамаш хиллачул тIаьхьа а Путин Владимир Оьрсийчоьнан,  премьер-министран даржехь шуьйра бакъонаш а йолуш, ма дарра аьлча, пачхьалкхан куьйгалхо висийта план кечйеш бу Кремлехь. Цунах лаьцна яздо Bloomberg-о.


Цу зорбанан гIирсан материалехь билгалдаккхарца, Кремлан планаца а догIуш, рогIера президентан харжамаш хилча Путина дIалоцур ду премьер-министран дарж, амма цуьнан хир ю шорйина конституцин бакъонаш. Цу хьокъехь болу хийцамаш бийр болуш бу 2021-чу шарахь парламентан харжамаш хиллачул тIаьхьа.


Делахь а, Bloomberg-о яздарехь, Кремль кхеташ ю Оьрсийчохь Iедалехь йолчу "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин рейтинг охьаялар бахьана долуш, и план кхочуш ярехь халонаш кхоллаяла мега бохучух.


Оьрсийчоьнан конституцица а догIуш, Путинан бакъо яц 5-гIа а президентан дарже хIотта. Иза бахьана долуш цо дакъалоцур дац 2024-чу шарахь хир болчу президентан харжамашкахь.


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна хетарехь, президентан Путинан альтернативаш яц, цундела ойла ян еза цуьнан бакъонаш кхин дIа муха яхъян еза бохучух.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса