Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Миллион гектар гергга хьун йогу Сибрех

0
Красноярскан, Иркутскан мехкашкахь миллион гектар гергга хьун ю йогуш. Оцу хьокъехь хаам баржийна Красноярск мехкан цIеяйархоша а, Иркутскерчу орцан дакъоша а.


Красноярск-махкахь оршоьтан Iуьйранна 102 цIеяйархойн тоба яра йогу 652 гектар хьун кIелхьаръяккха араяьлла. Иркутск-махкахь болхбо 100 тобано йогучу 262 гектара тIехь.


Урхаллаша бахарехь, церан тергонехь ю йогуш лаьтта массо а меттигаш. ЦIеяьхначу мехкашна гонахарчу кIошташкахь а йогу хьаннаш, амма уьш мелла а кIезиг ю.


Красноярскан махкахь хьаннаш ягарца доьзна, луларчу Кемеровохь кхайкхийна "Iаьржа стигал" олу хьал. Индустрин дакъош декхаредина кIуьр боккху белхаш ханна совцо. Болчу хаамашца, кIур хаало цIе йогучу меттигашна дуккха а генахь.


Хьалхо яьржинчу информацица а догIуш, Красноярскан махкахь кхузза гергга сов кIурз бу хIаваэхь. КIур баьржина луларчу Новосибирскан а, Томскан а мехкашкахула, хаало Хакасехь а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса