Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2019

Кхин а цхьа «хIумахуург» лаьцна Нохчийчохь

0
Соьлж-ГIаларчу бусалба дарба лелочу центран коьрта лор Эльжуркаев Адам хьалха а волуш,  «Грозный» телеканалехула Iораяьккхина кхин а цхьа пал тосу зуда. «ХIумахуург» ю кхаарийн сарахь араяьллачу сюжетан цIе, лаьцнарг - махкара яхархо Дацаева Малика.


Республикан дарбанцIийнехь бевзинчу нахалара, ша оцу меттехь болхбеш хиларе терра, лехьош хилла Маликас клиенташ, карош хилла цунна «хиндерг» хаа луурш, «бIаьрга хилларш», мехах хIайкал дезарш  Instagram-машанехула а.


Исламо зуламе лоруш хиларца а дузуш, лецна палтийсархой, «хIумахуурш», седа-жайна хьуьйсурш дуккхаза а гайтина махкарчу телевизионо. Церан юьхьйохург хIоразза а  хуьлу Эльжуркаев Адам. Яхначу аьхка «Грозный» телеканало гайтира «кешнашкахь пал лелош» йолу зуда цо Iорайоккхуш. Ткъа тIаьхьо мохк къинтIера бахийтира цо динца доцу «дарбанаш» лелорна «хIума хуучу» Ибрагимова Секинате а, цунах а тешна, иза йолчу леллачу Эскерханова Зулайга а. Оццу эфирехь Эльжуркаевс йовзийтира хьовсархошна 37 шарахь пал туьйсуш лелла Успахаджиева Есимат.  



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса