Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2020

Даудов Мохьмад: Нохчийчоь яьлла шен доза тIечIагIдина

0
Пачхьалкхан Реестрехь, дозанаш билгал а дохуш, тIегIагIдина даьлла Нохчийчуьрчу массо а яртийн, гIаланийн дозанаш, хаамбина Нохчийчоьнан Iедалан кхеташонехь мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.


"Официалехь бертан кехаташ а хIиттош, доза къастийна ГIалгIайчоьнца, Къилбаседа ХIирийчоьнца. Барт кечбина Ставропол-махкаца. Дагестанца ду ялх кIоштан доза – уьш а девлла къастийна, Реестре даьхна. Вайн агIор цхьа а проблема яц», - аьлла Даудовс.


Цул совнах, цо бахарехь, вовшашлахь дозанаш къастийна Нохчийчуьрчу 366 юьрто а, гIалано а.


Мехкарчу пхийтте а кIоштан долуш ду шайн дозанаш, уьш махкахь а, луларчу субъекташца а къастош схьабеана болх берриг а чекхбаьлла, билгалдаьккхина Даудовс.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса