Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2020

Ша нохчо ву а бохуш, Тулехь нахера ахчанаш дохуш хилла цхьана стага

0
Ша нохчо ву а бохуш, меттигерчу бахархошкара ахчанаш дохуш хилла Тулан кIоштарчу цхьана курхалчо. Социалан машанерчу шен аккаунтехь яздина цунах лаьцна Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата.




"ТIаьххьарчу заманчохь дукха нисло, шаьш "нохчий" ду, я  "кадыровхой" ду а бохуш, нахера ахчанаш дохуш, бахам гулбе нах гучубийлар", - яздо министро.


Тулехь бехачу цхьана оьрсийн доьзало яьккхина видео шен пена тIе оьллина Умаровс. Цара дуьйцу, еххачу хенахь ша нохчо ву а бохуш, цхьана стага кхерамаш туьйсуш, ахчанаш дахарх шайгара.


"Мехкан куьйгалхочо тIедилларца, оха маса Кадыровн векал хьажийра юьйцу инцидент листа. Гучудаьлла, оцу "турпалхочун" цхьа а хьаса бац вайн къомах. Шен телефон дIа а яйина, къайлаваьлла и кIилло", - дуьйцу министро.


Оьрсийчоьнан бахархошка кхайкхамбина зорбан министро Умаров Джамбулата, нагахь санна цу кепара меттиг нислахь, хьем ца беш, полисхошка а, оьрсийн дуккхаъчу  регионашкахь йолчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалташка а дIахаийта аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса