Тулехь къайлабевлла Кадыровн цIарх зудчуьнгара ахча даккха гIиртина курхалчаш
"Тульские новости" газето яздарехь, зудчун Iаткъам бинарш хилла, коллекторш ду шаьш бохуш, цуьнгара 90 эзар сом доцу декхар даккха гIерташ хилла нах. ХIусамда полице вахана, ткъа зудчо меттигерчу нохчашка гIо дехна, Кадыров Рамзанан цIарх пайда а оьцуш, шегара ахча даккха гIерташ курхалчаш бу аьлла.
Кадыровс цунах йистяккхар тIедиллина Нохчийчоьнан цIарх Пачхьалкхан Думан депутат волчу Делимханов Адамна. Коллекторш бу бохучу нахаца телефонехула къамел дича гучудаьлларг ду уьш нохчий ца хилар. Цул тIаьхьа, телефонаш дIа а яйъина, къайлабевлла уьш.
