Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2020

Къилбаседа Кавказ: тIаьххьарчу дийнахь а, буса а велла 14 дархо, ун даьлла 555 стагана

0
Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусан уьнах кхелхина 14 стаг, кхин а 555 вахархочуьнца вирус къаьстина.


Оперативан штабан дIахьедарца, Къилбаседа ХIирийчохь велла бархI дархо, Дагестанехь а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь кхелхина цхьацца пациент.


Эпидеми чуеачхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах верриг а кхелхинарг ву 620 стаг.


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Дагестанехь алсам бу ун даьлла нах - 96:


Дагестанехь + 96 (6 463 ву эпидеми яьржичхьана).

Кхарачой-Чергазийчохь+ 89 (2 058)

Ставрополан махкахь + 85 (3 594)

ГIебарта-Балкхаройчохь+ 81 (3 815)

Краснодаран кIоштахь + 78 (4 893)

ГIалгIайчохь+ 40 (2 550)

Къилбаседа-ХIирийчохь+ 36 (3 513)

Адыгейхь + 27 (1 278)

Нохчийчохь + 23 (1 464)


Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирус къаьстина 29 628 стаг ву. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь ун токхуш ву 520 129 дархо.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса