Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2020

Украинан президентан хIусамнанна коронавирусан ун даьлла

0
Украинан президентан Зеленский Владимиран хIусамнанна Зеленская Еленина йинчу тесташа коронавирус ю аьлла, гайтина, делахь а, цхьа а симптом йоцуш, токхуш ду цо лазар аьлла, хаам бина Украинерчу президентан офисо. Зеленский Владимирца а, церан берашца а вирус яц. Шен доьзалх дIа а къастийна, амбулаторехь дарба деш ду Зеленская Еленина.


Офисехь билгалдаккхарца, кест-кеста COVID-19 толлуш, тесташ йойтура цо. Бутт карабеача йинчу тесташца а ца къаьстинера цамгар.


"Маца, муха ун даьлла- цкъачунна къаьстина дац, эпидемиологин талламаш бу дIахьош. Цуьнца контакт мел хиллачаьрга дIахаийтина, ун дала кхерам  латтарх", аьлла ду бинчу хаамехь.




Хьалхо Зеленский Владимира  дIахьединера, шен масална тIехь массо а нахана и лазар кхераме хиларх дIахаийтархьама, хьаьгна вара ша коронавирусан уьнах аьлла.


Украинан территори тIехь, аннекси йина ГIирма а, Севастопол а, иштта оккупацехь долу Донбассан дозанаш а ца лерича, 29 753 стаг вара коронавирусан ун даьлла. 13 567 товелла, 870 кхелхина Украинехь.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса