Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2020

Ефремовс гечдар дехна шен карах веллачун гергарчаьрга

0
57 шо долу Захаров Сергей а вуьйш, ша бахьанехь некъан бохам хиллачул тIаьхьа дуьххьара цуьнан гергарчаьрга вистхилла актер Ефремов Михаил. "Гражданин-поэт" ютьюб-каналерчу агIонехь гучуяьккхина Ефремовн видео, яздо "Свобода" Радионо.


Захаровн гергарчу нахе шена гечдар доьху актеро, ша да мел волчу ахчанца ша гIо дийр хилар дIа а хоуьйтуш. Цо билгалдоккху, "бехках цIанвала гIертар дац иза, бехк байбан гIертар ду" аьлла.


Иштта Ефремовс дIахьедина, шена бевзачу нахе а вуьйлуш, таIзарх вала а ца гIерта ша аьлла. Кхин дIа муха ваха веза хууш вац ша боху актеро тIаьххьара.




"ХIара кино яц, цхьа а хIума юхалуьстийла дац. Вац цхьа а Ефремов а. Массарна а ямартваьлла со. КъинтIера довлийша. Кхин ала хIума дац сан", - аьлла Ефремов Михаила.


Карарчу беттан 8-чохь Ефремовс урхалла дечу машенахь бохам хилира Москвахь. Дуьхьал оьхучу машенийн асане вирзинчу цо, "Лада" автомобилах тоьхнера актеро шен машен. Юург дIасакхоьхьучу интернет-туькан белхахо Захаров Сергей хиллера цу машенахь. Дарбан цIийнехь кхин метта а ца вогIуш, кхелхира иза.


ЦIера дIасавалар а доьхкуш, шинарин дийнахь кхело сацам бира Ефремовн хьокъехь. Ша бехкехиларна а къера хилла иза.

Некъан бохам хуьлучу заманчохь актер къаьркъа мелла хилар тIечIагIдина медицинан экспертизано.




Иштта, Москварчу прокуратурано дIахьедира, цуьнан организмаца наркотикаш а хилла аьлла. 12 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо актерана.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса